Нохчийчуьра чолхенашна йуккъехула Европерчу бусулбанийн доьзалшна кхерам хиларах дIахьедина Соьлжа-гIалахь
Хирахматовс дийцарехь, цу кепарчу аьрзнашца цуьнца зIеневаьлла 20 гергга Европехь веха Оьрсийчоьнан махкахо. Церан цIераш а, дийцарш а цо ца хьехийра. "Орца"къоман агенталлин куьйгалхочо Юсупов Мухьаммада дIахьедира, "кхиаза долчу берашца Европерчу пачхьалкхашкахь Iен кхераме хиларах".
Бакъонашларйархоша бахарехь, Нохчийчуьра Iедалхоша дуккха шерашкахь тергал ца деш, дитна республикерчу доьзалашкара чолхе хьелаш. Кхелашкахь и тайпа гIуллакхаш къастош кхелахоша бо "озабезамаш" а. Нохчийчуьрчу кхелаша дукхьа хьолах бераш шайн деца дуьту. Меттигерчу менталитетаца а, ламасташца а доьзна ду иза, элира Кавказ. Реалии сайто хеттарш динчу доьзалийн гIуллакхийн юристаша. 2021-чу шеран лахьан-баттахь Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело даредира, Къилбаседа Кавказехь берашна тIехь дискриминаци йарна.
Юристаша бахарехь, кхело бераш ненаца дита сацамбича а, кхелан белахалоша и тIедахкарш кхочуш ца до. И тайпа гIуллакхаш ду, масала Муружева Лайлаан, Губашева Асетан, Юсупова Фатимин, Ферзаули Расинин - уьш бу Нохчийчоьнан, ГIалгIайчоьнан бахархой. Цара къийсам латтабо, шайн бераш кхион лаарна.
Нанойн бакъонаш ларйарехь дуьхьало йар - меттигерчу Iедалхоша леррина дIахьош политика йу, аьлла хета адвокатна Гнездилова Ольгина. Берийн Iер-дахаран меттиг къастон гIуллакхаш дIахьочу хенахь хьаькамаша а, кхелахоша а ларйийриг менталитет йац, "бюджет кхоорна тIедерзийна" ду, дIахьедира редакцига къамелахочо.
Росстата дийцарехь, 2022-чу шарахь доьзалаш бохарехь Нохчийчоь хьалхарчу меттехь лаьтташ йара. Цу йукъанна цигахь дIасакъаьстира 9070 доьзал. И терахь 2021-чу шарахь хиллачул шиъ ах сов долуш ду (3783; +240%) . 2022-гIа шо дIадаллац гуш дара Нохчийчохь доьзалаш къастаран терахь хьаладолуш. Иштта республикехь лахделира официалехь доьзалаш кхолларан терахь а - 2021-чу шарахь регистраци йира 7504 доьзало, 2022-чу шарахь- 4390 бен бацара. Хьалхалерчу шарца дуьстича, 58%.
2013-чу шарахь гIарадоккхуш дийцира Нохчийчохь берашна гIело йарах долу гIуллакх - 22 шо долчу Шабиханова Маккас шен меран воIаршна, йоIаршна чкъурах хIума тоьгучу мехийн гергаш йихкарах лаьцна.