Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Талламийн комитето Нохчийчуьра гей Арсамиков Идрис лачкъорна гIуллакх долор дац аьлла

Москвахь Арсамиков Идрис лачкъорна бехктакхаман гIуллакх ца долийна Нохчийчуьра талламийн комитето. Иза Домодедово аэропортехь дIа а лаьцна, республике дIавигна ву - цул тIаьхьа цунах хилларг хууш дац.


Арсамиков дIалоцуш, Нохчийчу дIалуш низамза лелийнарш билгалдохуш дIахьедарш дина цуьнан адвокаташа, хаамбира "СК SOS"- кризисан тобано. Арсамиков цхьамма а дIалаьцна вац, цуьнга цIахь хьуна сагатдеш хьан нана йу, хьо цIаверза веза аьллера, иза резахилла, дIавахара, боху зераш динчу талламхоша.


Арсамиков Идрис дIалоцучу буса, чиллин-беттан 16-хь цуьнан адвокаташна иза ца гайтира - ницкъахоша дIахьедира, "Нохчийчуьра ориентировка" шайна йаийтина аьлла. Цу кехатна куьг йаздинарг Шелковской-кIоштан полицин хьаькам ву. Иза хилла Геремеев Рустам. Шелковской-кIоштан полицин куьйгалхо - 2015чу шарахь Борис Немцов веран хьокъехь бехке хила тарло аьлла лохуш волчу Геремеев Русланан ваша.



Арсамиков Идрис дIалоцучаьргахь хилла и лаца кехатан бакъо, Шелковской-кIоштан полицин хьаькамо куьг йаздина ду и. Полицин декъан куьйгалхо ву Геремеев Рустам. 2015чу шарахь Борис Немцов веран хьокъехь бехке хила тарло аьлла лохуш волчу Геремеев Русланан ваша ву иза.



Нохчочунна баккхийчу барамашкахь жоьлгалла лелорна бехкаш кховдорна кхоьруш бара цу хенахь бакъонашларйархой. Республикерачу талламийн комитетехь дIахьедира, Арсамиков гIуллакхехь теш санна чекхволуш ву, полицин декъехь хеттарш динчул тIаьхьа, шаьш иза цIавахийтина аьлла.


СК SOS - кризисан тобанан бакъонашларйархоша хьалхо дIахьедира, Арсамиков дийна хила тарло аьлла. Цара бахарехь, иза луьрачу Iуналлехь ву, амма телефон лелон аьтто бу цуьнан - иштта кхехьийтира цо кризисан тобанан декъахойн телеграм-чате суьрташ а, хаамаш а.



Чиллин-беттан 17-чу дийнахь Арсамиковс ши видео хIоттийра машанашка. Царлахь цо дIахьедира, тIеIаткъам барна вистхиллера ша бакъонашларйархошка, шена церан гIо ца оьшу аьлла. Цунна гIело йечух тера ду, сийсазаллаш лелош, таIзарш деш хила мега аьлла, дIахьедина СК SOS тобано.




Нохчийчуьра Арсамиков Идрис дIахецар доьхуш Оьрсийчуьра Iедале дIахьедарш дина итт бакъонашларйархойн цхьаьнакхетаралло. ДIахьедарна куьг йаздина Amnesty International тобано, СК SOS-кризисан тобано, Human Rights Watch, "Команды против пыток" тобанаша, кхин а коммерцица йоцчу йалх цхьаьнакхетаралло. ТIаьхьо изза кхайкхам бира ЛГБТК+нехан All Out адамийн бакъонаш ларъечу дуьненайукъарчу боламо, LGBTI Intergroup тобанан Европин парламентан форумо а.
Зазадоккху-баттахь Арсамиков Идрисан адвокаташ цунна тIе цабитарна дина арз Шелковской кIоштан кхело тергал ца дира. Цунна бахьана хIоттийра цара адвокатан "удостоверенин кехат кхоччуш дика кечдина цахилар". 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *