Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Дагестанерчу Дербентан кIоштахь йуьртда вийна

Дагестанерчу Дербентан кIоштахь некхах герз тоьхна, вийна 62-шо долу Рубас йуьртан куьйгалхо Байрамбегов Гаджикурбан, боху меттигерчу телеграм-каналаша. Ницкъахойн урхаллашкара шайн  хьостанна тIетовжарца, и хаамбина, "РИА Дагестан" агенталло.


Йуьрта чувуллучохь вийна хьаькам, йаздо Mash Gor телеграм-канало. Журналисташа бахарехь, Байрамбегов нехаш дIакхийсса воьдуш хилла. Йуьртда администрацин гIишлочуьра араволуш герз диттина вийна, аьлла, Shot канало. 


"Только факты" канало гIарайаьккхинчу видеоно гайтарехь, иза новкъахь вийна. Цу меттехь хIоьттина лаьтташ полици йу, бехкехетарг дIалаьцна. "Что там у дагестанцев?" канало дийцарехь, цо  полици телефон тоьхна иза вийнарг ша ву аьлла.


Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь а, талламийн урхаллехь а хиллачух хIумма а ца дийцира.


Карладаккхар: "Интерфакс" агенталлин ницкъахойн урхаллерчу хьостано аларца, Байрамбегов администрацина уллохь вийна. Иза царна хетарехь, меттигерчу вахархочо дина. Хьаькам волче латтан гIуллакх дийца веана хилла важа, церан дов даьлла. ТIаьхьо изза элира  чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Дагестанерчу урхаллехь.


2021-чу шарахь Дагестанехь дIалецира Росгвардин ши белхало. Меттигера 34 шо долу вахархо верна шеконе лаьцна бара уьш. ХIинжа-ГIаларчу Советский кIоштан полицин декъан цхьана кабинетчохь герз тоьхна, вийнера иза. Хаамийн гIирсаша дийцарехь, велларг вара - Новолакскан кIоштарчу Новокули йуьртан хилла куьйгалхо Капланов Абакар.



Дагестанерчу  ХIинжа-ГIаланна йуккъехь иччархойн топ йеттарна лаьцна цхьа стаг. Республикерчу талламийн комитетан сайтехь дIахьедина, кIира даьллачул тIаьхьа герз кхиссинарг ша низамхошна тIевеана аьлла. Цуьнан цIе йоккхуш йац.


Дагестанера Казбековский кIоштарчу Алмак йуьртан  вахархо веана полицин декъе,  герз кхийссина, виъ стаг ша лазийча. Чевнаш йинера меттигерчу вахархочунна, имаман гIоьнчана, меттигерчу депутатна, полицин хиллачу подполковникна. ТIаьххьарниг  реанимаци кхечира. 




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *