Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Нохчийн куьйгалхочун критикна тIелатарна бехкевечунна набахтехь даккха 11 шо дехна прокуратуро

Оппозицин ютуб-блогеран Абдурахманов Тумсон вешина, бакъоларйархочунна Абдурахманов Мухьаммадна кIело йарна бехкевечу Дадакаев Валидана чохь даккха 11 шо тоха аьлла, тIедожийна Германин федералан прокуратуро.


Оцу гIуллакхна тIехула рогIера кхеташо дIайаьхьна Мюнхенера Лакхарчу лаьттан кхелехь, йаздо Spiegel гIирсо. Прокуратурин векало тIедожийна Дадакаевна бехк билла "сийсазен стимулца" кIелойарна а, ницкъбан кечам барна а, герзах лаьтта низам дохорна а. И тIечIагIдина Абдурахмановс ша а.


Ишта Германин прокуратуро тоьшалла дина кхелехь, бакъоларйархо "вен кхачийнарг" Нохчийчуьра куьйгалхочун Кадыров Рамзанан шича вара аьлла. Хьалхо Абдурахманов Мухьаммада а дIахьедира, Эдельгириев Пахрудди вара иза аьлла.


2020-чу шеран гIуран-баттахь Германин низам лардаран органаша сацийра Абдурахманов Мухьаммадна тIелатар дар. Кху шеран мангал-баттахь Мюнхенехь оцу гIуллакхехула кхел йолийра. ФРГ-н прокуратуран хаамашца, коьртачу бехкевечунна – Нохчийчуьрчу вахархочунна Дадакаев Валидна – республикерчу ницкъахоша тIедиллина хиллера Абдурахманов вер. Талламна хетарехь, йаздора "Немцойн тулгIено", блогеран ваша ве аьлла хиллера Дадакаевс потенциале киллере А. Тамерлане, амма цо Абдурахмановга дийцина хиллера тIелатар кечдарх лаьцна.


Мекленбург-Передняя Померания Конституцин латта лардаран Урхаллин белхахо хилла Дадакаевна гIо деш, хIинца и даржах ваьккхина, чIагIдо немцойн Sueddeutsche Zeitung зорбано. Цуьнан баккъала йолу цIе йуьйцуш йац, амма кхелехь кхечу цIарца дакъалоцу цо – "Петер Граф".



Абдурахмановн версица, йукъалеларг карийнера Эдильгириев Пахруддина, Германихь веха Дадакаев, цуьнга ахча дIаделла а хиллера цо. Шена тIедиллинарг кхочушдан Макаровн тапча эцнера Дадакаевс шен гергерачу стагера, Цакаев Романера. Иза вевзаш ву, 2019-чу шарахь Абдурахманов Тумсо аьшнашвеш видео дIайазйина хиларца. Къайлах герз Германи дехьадаьккхинера Дадакаевс.
Стохка марсхьокху-баттахь Германин Iедалш реза хилира Абдурахманов Мухьаммадна тховкIело йаларх хаттар йухалиста. Абдурахмановна мухIажаран статус йала цуьнан дехарехь "керла тоьшаллаш"дац аьлла, цунна хьалхо кхел тIетевжинера.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *