Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Адвокато Немовс а, журналисто Милашинас а дийцина Нохчийчохь шайна динчу тIелатарх лаьцна

Адвокато Немовс а, журналисто Милашинас а дийцина Нохчийчохь шайна динчу тIелатарх лаьцна

Адвокато Немов Александра а, журналисто Милашина Еленас а ма-дарра дийцина Нохчийчохь товбеца-беттан 4-чохь Iуьйранна шайна динчу тIелатарх лаьцна. Оьрсийчуьра адвокатийн Федералан палатин президентаца Володина Светланица хиллачу къамелехь Немовс дийцина, 200 метар бен гена ца йаьллера аэропортана Милашиница хIара чухиъна такси, кхаа машено кхеран некъ лаьцча. 10-12 стаг цу машенашчуьра аравелира, церан йаххьаш къевлина йара туьтмIаьжгашца, тхан машенлелорхо аракхоьсира машенара, герзашца болчу наха хIара шиъ тIехь долу машен жимма дехьайаьккхира.

"Йетта буьйлабелира мийрашца йуьхьа тIе а, йоллу дегIан меженашна а, цхьана гIожмашца а, суна когах урс туьйхира…Шун гIуллакх дацара кхуза дахка бохура, шайн цIахь болх бе, кхузахь цхьа а Iалашван оьшуш дац. [Бохура], суна "тIаьхьадевлла" дара шаьш, хьалха хьо кхетийта къедораш йинера, хIинца вуьйр ву бехира. Голаш тIе а хIоттийна, тапча коьрте а, кIесаргагчу а хIоттийнера. Гечдар деха бохура соьга. ТIаккха йоллу техника схьайаьккхира, телефон, ноутбук, бIенна тIе кхаччалц дагарде элира, суна йеттачуьра а ца совцуш, мийраш беттара даим а доллу дегIана", - дуьйцу Немовс.

ТIелеттачара хиттинера Немовга цуьнан адвокатан балхах, цул тIаьхьа телефон схьайаста элира: "Ас пIелг тIебиллира, и кагбан гIертара уьш (цунах гIуллакх ца хилира), тIаккха йуьхьа тIера куьйгаш дIадаха бехира, йетта гIертара – аса ца дохура". Царна тIелеттачул тIаьхьа и шиъ дарбанан цIийне таксхочо дигина хиллера.

"Церан Iалашо йара тхо кхерор. Техника схьайаьккхина, пароль хаа. Сан пIелгаш тIе йеттара цара, пароль хоьттучу хенахь. Сан пароль чолхе йу, терахьашца хIоттийна йац. Цара боху: "Схьадийца терахьаш". Аса боху:"Сан терахьаш дац!". Сох лета уьш, тхан къамел дешшехь а. Бахьанах со ца кхета. Цара боху, со шайна гина йу, кхуза кхин ма йола", - тIетуьйхира Милашинас "Сапа" телеграм-канална йеллачу комментарехь.

Милашинас бахарехь, иштта "Сашина (Немов.- билгалдаккхар) моьтту, царех цхьаъ тхоьца кеманахь веача санна. ХIунда аьлча, Москвахь кемана ховшале цхьа тамашен хIума хиллера. Кема хьедира, ши стаг чувеара, цунна улло а хууш", хаамбо "Iазапашна дуьхьало латточу Командо". Журналист кхин дIа а дагахь йу Нохчийчу йан, дукха хьолахь, Мусаева Заремин гIуллакхехула апелляци бахьанехь.

Немов а, Милашина а кхеле догIуш хиллера Мусаева Заремин, шен вукху адвокатехула, Савин Александрехула, цо кехат делла цаьрга дIакхачон, церан дог оьцуш.

"Кавказский узел" ресурсо дуьйцу, Милашина а, Немов а кхачийначу Буьри-ГIалара дарбанан цIенна хьалха гулбелла меттигера журналисташ а, бакъоларйархой а, Бесланехь динчу терактехь лазийна, беллачийн гергарнаш а бара. Царех лаьцна шен материлашкахь дукха йаздинера "Новая газетина" Милашинас.

"Iазапашна дуьхьало латточу Командин" информацица, цунна тIетовжу Оьрсийн Би-би-си сервис, товбеца-беттан 4-чохь суьйранна лазийначу адвокатна а, жураналистана а тIаьхьа лоьрашца кема догIур долуш дара, Москвара Боткинан цIарахчу дарбанан хIусаме кхин дIа дарба дан охьадуьллур долуш ду и шиъ.

Лаха Новгородера лачкъийна йигинчу, суьдхо лаьттинчу Янгулбаев Сайдин хIусамненан, нохчийн жигархойн ненан Мусаева Заремин адвокат ву Немов Александр. Цунна дуьхьал айдинчу бектакхаман гIуллакхехула 4-чохь таIзар кхайкхийна Мусаева Заремина – оцу тIехула йеанера Нохчийчу Милашина а. Аэропортера Соьлжа-ГIала и шиъ догIучу заманчохь дина царна тIелатар. Бевзаш боцчу наха къизаллица йиттина царна, йохийна йоллу техкника, кхерамаш тийсинеар, герзаца. Милашинин хьен туьта лазийна, кегдина пIелгаш. Корта а баьшна, "зеленка" йоьттинера цунна тIе. Иштта вон йиттина Немовна а, ког лазийна цуьнан – хетарехь, уьрсан чов йина.

ТIаьхьо Къилбаседа ХIирийчоьнан Бесланера дарбанан цIийне дIайигира журналист Милашина Елена а, адвокат Немов Александр а, республикера адамийн бакъонаш Iалашйан векал вина, нохчийн урхалхочун Кадыров Рамзанан гонера Солтаев Мансур улло а ваьккхина. Солтаевца цаьрца вахийта омра динарг ша Кадыров ву бохура, Оьрсийчоьнан омбудсменца Москалькова Татьяница къамел динчул тIаьхьа, хаамбо "Iазапашна дуьхьало латточу Командо". Хаамбарехь, цул тIаьхьа Милашина Буьри-ГIалар дарбанан цIийне йигира, КТ-аппарат Бесланера йохарна.

Оцу дийннехь Нохчийчуьра кхело йукъарчу хьелашкара колонихь такха пхи шой, ахшой кхайкхийна Мусаева Заремина, курхалла лелорна а, полисхочунна тIелатарна а. Оццул хан йехнера хьалхо прокуроро а цунна. 2022-чу шеран дечкен-баттахь суьдхо лаьттинчу Янгулбаев Сайдин хIусамнана, нохчийн жигархойн ЯнгулбаевгIеран Абубакаран а, ИбрахIиман а, Байсангуран а нана, 52 шо долу Мусаева Зарема лачкъийра кадыровхоша Лаха Новгородера церан хIусамера. Нуьцкъаша Соьлжа-ГIала дIайигинера иза.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Двое взрослых и один ребенок погибли в ДТП с фурой в подмосковном Одинцово

Шесть военных духовых оркестров выступят вместе в Благовещенске

Анна Заворотнюк показала неопубликованные фото с матерью

Эксперт Кусков рассказал о причине сбоя в работе Telegram

Музыкальные новости

Бурятский Театр кукол Ульгэр в Улан-Улан-Удэ показал в Этнографическом музее народов Забайкалья перед детьми и родителями в семейный праздник сказку Колобок - Новости и Культура, Дети и Россия

Бизнес-омбудсмен Москвы объяснила, почему важно принять закон о креативной индустрии

Concord is skipping free-to-play and pulling a Helldivers 2 instead: $40 for the full game with all 16 heroes at launch

Медийный баскетбол, киберспорт и турнир ММА: Константин Пухов рассказал о мероприятиях Международного центра бокса (Наташа)

Новости России

Эксперт Кусков рассказал о причине сбоя в работе Telegram

Анна Заворотнюк показала неопубликованные фото с матерью

«Виват, Амур!» завершится в Благовещенске грандиозным концертом

Двое взрослых и один ребенок погибли в ДТП с фурой в подмосковном Одинцово

Экология в России и мире

Адские цены на Сочи и Анапу заставили российских туристов найти новые пути экономии

Фонд «Восход» выпустил на «Атомайз» первые в России венчурные ЦФА

Жители Барнаула помогут сделать родной город чище

В Москве прошла Премия-практикум «Харизма Года»

Спорт в России и мире

«Сейчас даже счёт не помню»: Андреева сенсационно победила Соболенко и вышла в полуфинал «Ролан Гаррос»

Теннисист Медведев снялся с турнира ATP в Нидерландах из-за травмы

Ига Свентек в четвертый раз выиграла Открытый чемпионат Франции по теннису

Янник Синнер высказался о первом месте в рейтинге ATP и травме Новака Джоковича

Moscow.media

Трасса М-12 Восток будет продлена до Тюмени в 2025 году

Работать там, где удобно: беспроводная гарнитура Fstyler BH230 от A4Tech

За один день работники Уссурийского ЛРЗ и их дети выполнили сменно-суточное задание по ремонту 129 паровозиков

Роман Старовойт выразил готовность оказывать дальнейшую поддержку в строительстве Ленского моста в Якутии







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *