Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"Харцахьа лелара" аьлла шен зуда йийна Къилбаседа ХIирийчуьра эскархо маьрша витина

Шен хилла хIусамнана галваьллачохь йийна аьлла бехкевинчу ефрейторна Битаров Эдуардана Ростов-на-Дону гIалара Къилбан гонийн тIеман кхело таIзар тIечIагIдина. Шен тIеман балхаца лакхаваларца дозанаш тоьхна цунна цхьана шарна, цуьнан алапа тIера итт процент пачхьалкхана а дерзош. Сил кIеда дитина таIзар къовса гIоьртира йийначун гергарнаш, амма гIуллакх ца хилира церачух.


ТаIзарехь йаздарехь, 2013-чу шарера схьа дуьйна контракт дина эскаран гIуллакх дечу Битаровс стохка стигалкъекъа-баттахь шен хIусамнана Эмма йийра. Къилбаседа ХIирийчуьра Моздок гIалахь динера цо и зулам, билгалдоккху "Кавказский узел" ресурсо. Апелляцин латкъамехь цуьнан гергарчара билгалдоккху, бехкевечо даим а кеп-кепара дуьйцура ша динчух лаьцна.


Йуьхьанца дIахьедира цо, шен хилла хIусамнана шена тIелеттера, ткъа ша, цунна дуьхаьло йеш, урс тоьхнера аьлла. ТIаьхьа Битаровс дIахьедира, цхьа диктофон аудио йара шегахь, ша йийнарг "харцахьа лелаш" хиларх тоьшалла ден, и бахьанахь кхетамах тиллачу ша йийра иза аьлла. Йийнарг "харцахьалеларх" тоьшалла, аудио а санна, кхеле ца кхачийра.


"Кхело тоьшаллийн мах хадош нийсо цалелийна, гIуллакхан йистйалар кхелахойн интересехь ду бохуш апелляцин латкъамашкахь чIагIдинехь а, кхелахойн коллегина хета, тешалла доцуш, кхелан кхеташонехь листинчу бехкзуламан гIуллакхн материалашца а бIостане ду аьлла и дIахьедарш", - аьлла, жамIаш дира Къилбан гонашкарчу тIеман кхело, иштта шаьш бина сацам хийцаза битина.


Апелляци чекхйелира мангал-бутт бовш, амма сацамах а, зулам муха дина ду а хIинцца бен хиъна дац.



Къилбаседа Кавказехь кест-кеста хуьлучух ду доьзалехь ницкъбар. Меттигерчу бахархошна тIехь гIело хьоьгу церан хIусамдайша а, доьзалера кхинболчара а. Даим а санна, полицино тергамза дуьту оцу тайпа гIуллакхаш, ткъа бехкзуламан гIуллакх дуьхьал айдина меттиг нислахь, мел а кIезиг хенаш йетта.
Къилбаседа Кавказехь "сий лардеш" нах байарх "Правовая инициатива" проекто бинчу талламо гайтарехь, 2008-чу шарера 2017-чу шаре кхаччалц схьа 39 адам дийна, царех кхоъ борша стаг вара. Бакъоларйархойн хаамашца, дукха хьолахь дойу марехь доцу зудабераш, йа марера цIабаьхкина кегий зударий, цхьа наггахь нисло цаьрца марехь берш а. Дайша, вежарша, хIусамдайша, девежарша бойу уьш.
Къилбаседа Кавказехь хIусамехь ницкъбар шен специфика йолуш ду: меттигерчу бахархошлахь цIийндайша зударшна йеттар диллина йемалдеш дац, доьзал боьхначул тIаьхьа наношна бакъо ца ло бераш лелон, ламасташна а, кхелашна а тIетийжаш. Ткъа гIелонах бевддарш полици тIаьхьа а йоккхий, йухабуьгу. Кавказ.Реалиин корреспонденто къамел дира хIусамехь ницкъ бина, пачхьалкхера йада дезначу кхаа зудчуьнца. Ишта бакъоларйархочуьнца а, юристаца а къамел дира – вадар доцург, кхин хIумма а дуй царна шайн бакъонаш ларйан дуьйсуш аьлла. 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *