Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Дагестанера тутмакхо далхийна Мордовехь набахтехь ламаз ца дайтарх а, гIело латторах а

Мордовера ФСИН-н номер 1 йолчу колонихь хан токхучу Гаджиев Рамазана дIахьедина, хьукматан белхахоша шена тIехь ницкъбарх. Кавказ.Реалиин сайте дийцина цунах лаьцна Iазапаш хьегначу бусулбачу тутмакхийн гIуллакхаш лелочу Алиева Азас.


Ахчанаш дохуш хилла аьлла, бехкевина таIзар дира Гаджиевна ХIинжа-ГIалахь, йалх шой ахшой такха деза цуьнан набахтехь.


"Со чохь латточу камери чохь хьаштагIа а йац, куьйгаш дила меттиг а бац, хIуммаъ а йац. БархI дийнахь туалете ца вохуьйту со, йа лийча а, хи ца ло, волавала ара ца волуьйту. ХIора дийнахь хлорка йутту суна тIе, буьрчан баллон а, цIе йойург а туху. Аравоккху со, йеттий, йуха а камери чу кхусу", - билгалдаьккхина марсхьокху-беттан 14-чохь дахьийтинчу арза тIехь (кехатан копи Кавказ.Реалиин сайтехь йу).


Цул совнах, Гаджиевс чIагIдарца, колонин белхахоша ламаз ца дойту, дIадаьхна ламазан кузаш а. Цо бахарехь, цо а, кхин а 20 тутмакхо а шайн бакъонаш эшорна мацалла а кхайкхийнера. Оцу хьолана тIе терго озархьама, Гаджиевс а, кхин а йалхаммо а шайн пхенаш хедийра.


Йисина хан йаккхийта ша Адыгей дехьаваккхар доьху таIзар токхуш волчо, нагахь санна, шен валар нислахь, цунна бехке лара боху цо Мордовера ИК-2 колонин белхахой.



Нохчийчуьра а, Дагестанера а веа тутмакхо а, Узбекистанера цхьаммо а дIахьедира шайн дин аьшнашдарх а, Ульяновскан кIоштара набахтен белхахоша гIело хьегийтарх а.
Оьрсийчоьнан колонишкахь бусулба тутмакхаш хьийзош хиларх дийцира Кавказ.Реалиига Gulagu.net проект кхоьллинчу Осечкин Владимира а, Гарвардан университетан Iилманийн докторо Миронова Верас.
2021-чу шарахь конфликтийн анализан а, уьш юхайахаран а Центро йовзийтира "Къилбаседа Кавказера бусулбанаш Оьрсийчьура набахтешкахь" аьлла рапорт. Бакъоларйархойн хаамашца, исламан динехь болчаьрца къаьсттина лелайо дискриминаци колонешкахь. Царна гIело йо, йетта, кхечу татмакхашка а цхьана гIело латтайойту царна тIехь.
ТIехь ницкъбинчу Къилбаседа Кавказан регионашкарчу тутмакхийн гIуллакхаш лелон адвокат Алиева Аза Саратовн кIоштара адвокатийн палатера Москва дехьайелира, Федералан таIзар кхочушдаран урхаллин (ФСИН) агIор шена Iаткъам барна. Цунах лаьцна ша юристо дийцина Кавказ.Реалиин сайте. Хьалхо урхалло арз динера цунна, цо социалан машанашкахь а, зорбанашкахь а тутмакхийн бакъонаш хьешарх дийцарш зорбане дахарна. 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *