Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

ХIинжа-ГIалахь 35 стаг велла. Дагестанехь тезет кхайкхийна

ХIинжа-ГIалара автосервисехь а, бензин дуттучу меттигехь а цIе йаьлла, эккхийтар хилла, тIаьхьарчу хаамашца, 35 адам делла цигахь, хаамбина пачхьалкхан ТАСС агенталло, Оьрсийчоьнан МЧС-на тIетевжина. Беллачарлахь мел лахара а кхо бер ду. Хьалхо МЧС-о дIа ма хьедарра,  зенаш хилла бIе сов стагана.


Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс тезет дIахьедина марсхьокху-беттан 15-чохь, иштта цо тIедиллина Кумторкалинскан кIоштан дозана тIехь чолхечу хьолан раж кхайкхайе аьлла.


Бохам хиллачу меттигехь гIишлош дIасайохуш бу хIинца а, МЧС-о бера-кема дахийтина лазийнарш арабаха махкара. Меттигерчу телеграм-каналаша видео зорбане йаьккхинера чевнашца нах дарбанан хIумсамашка кхуьйлуш. Оьрсийчоьнан МЧС-н Ил-76 кема а дахийтина ХIинжа-ГIала вон лазийнарш  Москва дIабига.


Талламан версица, марсхьокху-беттан 14-чохь буьйсанна итт сахьт долучу заманчохь автосервисан гIишло чохь машенашка хьовсучу хенахь цIе йаьллера, бензин дуттучу АЗС-хь йаьржира и. Болчу хаамашца, иттаннах ши цистерна иккхина газ чохь йолу.


МЧС-ра шайн хьастана тIетевжина Shot тelegram-канало йаздора, эккхийтаран тулгIе бахьана долуш ягориг нахана тIехула йаьржинера аьлла. Йогучу автосервисе хьовса гулбеллеа хиллера  и нах, цунна 50 метар уллохь хиллера уьш.


Билгалдоккху, йохка-эцаран "Глобус" центрана гена йоццучохь йу автосервис а, бензин, газ йутту меттиг а. Эккхийтар хилла диъ сахьт даьллачул тIаьхьа аьтто баьллера цIе йайа.


Талламан комитето бехкзуламан гIуллакх диллина, адамашна кхерамзалла а ца латтош, ларамза нах байарна аьллачу артиклехь. Оцу Iедалан къепехула колонихь даккха итт шаре кхаччалц хан кхачайо.



Марсхьокху-беттан 12-чохь Дагестанера Дербентехь нах бехачу хIусамехь газ иккхинера – пхеа адамна зен хиллера: шина берана а, хIусамдена-хIусамнанна а, 14 шо долчу кхиазхочунна а. ТIаьхьо реанимацихь кхелхира иза.
ХIинжа-ГIалара дукхазза тIекIелдинчу цIа чохь а газ иккхира марсхьокху-беттан 9-чохь, бахьана ду элира Iедалхоша газ дIаэхар. Цхьайолу петарш йохийра, гIишлон конструкцеш тIехь лелхийтарш дисира, кораш дохийнера. ХIетахь 150 стагана эвакуаци йира, цхьа бер дарбанан цIийнехь охьадиллира, баккхийчех ворхIанна а лоьраш эшнера.
Кху шеран чиллин-баттахь Дагестанехь иштта масийттазза газ иккхина меттигаш нисбелира. ХIетахь кест-кеста ток дIайоккхура цхьацца белхаш беш ду шаьш бохуш, цу тIе йовхо а дIайаьккхира. 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *