Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Полисхошна тIелеттачул тIаьхьа денна талламаш бо шайна бохуш латкъамаш бина ГIалгIайчуьра бахархоша

ГIалгIайчуьра Малгобекан кIоштара ницкъаллин структурийн белхахоша йалхолгIа бутт а бу йуьртара араволу некъаш доьхку, бахархойн кехаташ, машенаш толлу, хIусамашкахула хьуьйсу, хаамбо бакъоларйаран "Мемориал" центро. Оханан-беттан йуьххьехь полисхошна тIелатар динчул тIаьхьа цигахь контртерроран операцин раж йукъайаьккхира, кхаа эвлахь – Зязиков-Йуьртахь а, Инаркъехь а, СагIапчехь а – денна талламаш бора.


Оханан-баттахь герзаш деттачу заманчохь Зязиков-Йуьртахь вийра шеконаш йолу ши стаг, денна, мукъаденош доцчу дийнахь, ницкъахой богIура цига гIагI диллинчу машенаш тIехь. 30-40 цIа толлу цара, цкъацкъа шкафаш чу а, гIутакхаш чу а хьуьйсу, хаамбира "Мемориале" меттигерчу бахархоша. Цара дийцарехь, ницкъахоша шайн цIераш а ца йуьйцу, кехаташ ца гойту, хIусамдас ков ца деллахь, керта тIехула дехьабовлу.


Бакъоларйархойн хаамашца, луларчу Инаркъехь иштта талламаш бечу хенахь ницкъахойн шеконаш хилира меттигерчу шина вахархочух Загиев Исламах а, Хамчиев ИбрахIимах а, цара тIелатар динчарна накъаосталла деш хилла аьлла. ХIинца бакъо йоцуш оьккхуьйтург йаьккхина цаьргара бохуш, бехкаш дохку цу шинна.


Стигалкъекъа-бутт бовш оцу тайпа талламаш бира Малгобекан кIоштара СагIопшехь а – цигахь лецначех информаци йац бакъоларйархошкахь.



Зазадокху-бутт бовш дуьйна ГIалгIайчоьнан  Малгобекан кIоштахь лоьхура  герзашца тоба, цара цхьана кIиранчохь эхакIиранчохь кхоазза тIелатар дира полисхошна. Оцу герзаш деттарехь тIелеттачара вийра полицин кхо белхахо. ГIалгIайчоьнан Iедалхоша оханан-бутт йуккъе баьллачу хенахь дIахьедира, шеконаш хилла виъ стаг вийна шаьш аьлла.
Йуьхьанца лаца кхайкхийнера йалх стаг. Зазадокху-беттан 29-чохь царех цхьаъ, Эльдиев Рамазан, Карабулакехь велла карийра, тIелеттачу заманчохь йинчу чевнех кхелхина хила тарлора иза. Коттоев Мовсаран дакъа схьакарийра Малгобекан-кIоштара Iелин-Йуьртахь оханан-беттан 5-чохь, дийцарехь, цуьнан четахь граната иккхинера. Оханан-беттан 7-чохь лецира лехамашка велла хилла Боков Iамир, шолгIачу дийнахь пачхьалкхан зорбанан гIирсаша йаздора, воьалгIа тIелеттарг а лаьцна ницкъахоша, иза ву 24 шо долу Мошхоев Микаил бохуш.
Оханан-беттан 3-чохь ГIалгIайчуьра ФСБ-н урхалло дIакхайкхийра, Малгобекан кIоштахь контртерроран операцин раж йукъайалош хиларх "терроран акташ а, терроран кепехь долу зуламаш а совцорхьама". Раж хIинца а йухайаккханза йу, тIелеттачарна гIо дина вара аьлла, ГIалгIайчуьра а, Нохчийчуьра а исс вахархо лаьцча а. 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *