Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

ГIалгIайчохь латтана тIехула хиллачу летаршкахь полисхо лазийна

Шина тайпанара нах вовшах леташ латтана тIехула даьллачу девнехь полисхо лазийна. Талламан комитето бехкзуламан гIуллакх долийна.  Конфликт хилла марсхьокху-беттан 19-чохь лаьмнашкарчу Джейрахан кIоштара Бейни эвлахь. Коттедж йинчу дайн лаьтта тIехула доладелла ду дов.


Оцу инцидентехь хилла КуштовгIеран а, ВаделовгIеран а доьзалш. ВаделовгIеран тайпан векало "Фортанге" дийцарехь, доьзал къар ца ло, Оьрсийчоьнан чохьарчу гIуллакхийн министраллин "Рысь" СОБРан хоккейн клубан хиллачу президенто Куштов Башира тIехь комплекс йина латта шайн дайн ду бохуш. ВаделовгIар гIуллакхан йист йаккха баьхкича, "уьрсашца, гIожмашца КуштовгIар, шаьш дукха хиларе терра" кхарна тIелеттера, цхьахволчу ВаделовгIеран векалан дешнаш далийна гIирсо.


Полисхой схьакхаьчча девнна йукъахь хилла цхьаъ дуьхьал хилла полицин декъе ваха, цо масийттазза урс тоьхна ницкъахочунна, хаамбина республикере Талламан комитетан урхалло. Цул тIаьхьа тIелеттарг ведда къайлаваьлла, полисхоша дIахьедира, иза мила ву а хаьа шайна, шаьш иза лехамашка а велла аьлла. Iедалан белхахочунна дуьхьал ницкъбаккхарна бехкевечунна набахтехь даккха 10 шо кхачадо низамашкахь.


Хьалхо дуьйцура, девнна йукъахь хилла масех лаьцна, полицин декъе дIавигина бохуш, хаамбира ГIалгIайчуьра МВД-н урхалло. Летачу хенахь даге лазар иккхина ВаделовгIеран цIийнах цхьаъ велла бохуш, йаздо "Фортанго". ТIечIагIбазчу хаамашца, верриг а оцу конфликтехь дакъалоцуш хилла 25 стаг хIора агIонгара, кхин а нах лазийна аьлла, хууш хIума дац.



"Рысь" хоккейн клубан экс-президентана Куштовна кху шеран товбеца-баттахь арахь даккха кхо шо туьйхира, курхаллаш лелон гIортарна аьлла. Талламан версица, шен партнерашца цхьаьна $1 миллион ахча даккха гIоьртинера иза, къийеллачу "Агросоюз" банкан бенефициар хиллачуьнгара, цо къоладарх бехкзуламан гIуллакх дуьхьал ца доккхуш, иза жоьпаллех воккхур ву бохуш.
Къилбаседа ХIирийчуьра Пригород кIоштарчу Куртат йуьртахь 50 стага дакъалоцуш летарш хиллера. Царех 11-мма шайна лоьрийн гIо дехнера. Латаран бахьана шина кхизахочун даьлла дов дара. Цига схьакхаьчначу полисхойх мел лахара а цхьаъ лазийнера.
2021-чу шеран чакхенгахь Къилбаседа ХIирийчуьра Пригород кIоштахь гIалгIайшна, хIирийшна йуккъехь массийтта кегийри девнаш лилхира, дийцира Кавказ.Реалии сайто зенаш хиллачарех.
1992-чу шарахь хIирийшна, гIалгIайшна йуккъехь латта къовсар хьокъехь даьлла дов адамаш дайарца, меттигаш йохорца дирзира. Цигахь кхелхинчарех болу хаамаш тайп-тайпана бу. БархI эзарна зенаш хилла, 900 сов адам дала делла аьлла ду цкъачунна.
"Мемориал" бакъонашаларйархойн центро хIирийн, гIалгIайн девнан бахьанаш Сталинан политикица доьзна ду элира. 1944-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн республика дIайохийча, Пригород кIошт Къилбаседа ХIирийн АССР-на дIайаларна. 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *