Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Бусулбачийн абайа коч лелор доьхкур ду Францихь дешархошна

Францихь школашкахь доьхкур ду абайа лелор -бусулбачу зударийн йеха коч йу иза, доллу дегI дIахьулдеш. Цунах лаьцна дIахьедина Францин дешаран министро Атталь Габриэля.


Францхойн TFI телекаланан йеллачу интервьюхь министро кхетийна оцу шен сацамах, "хьо класса чу а ваьлла, царна тIехьаьжча, мила муьлхачу динах схьаваьлла, хууш хила ца веза" аьлла. "Аса сацам бина, школашкахь кхин дIа абайа лелайан мегар дац", - аьлла Атталя. Цо чIагIо йина, тIедогIучу кIиранах и бехкам муха йукъабаккха беза боху хаттар дийцаредийр ду ша школийн куьйгаллица.  Керла дешаран шо дола ма делли, гезгамашин-беттан 4-чуьра дуьйна, низам лелаш хир ду.


2004-чу шарахь Францихь низам тIеийцира, школашкахь динан билгалонаш лелор доьхкуш, бедаршна тIехула даккхий керстанийн жIараш, жуьгтийн песаш а, бусулбачийн йовлакахш а. Делахь а, хIинццалц схьа абайа йихкина йацара. ТIаьхьарчу хенахь францхойн школашкахь алсамдаьлла дихкинчу бусулбачийн духаран метта  абайа лелочу зудаберийн терахь. Францин Республикан кхузаманан мехаллаш йохайо цо аьлла хета цхьа могIа политикашна.


Бвйначу баттахь Францин Халкъан гуламан куьйгалхочо Яэль Браун-Пивес кхайкхамбира "кхузаманан пачхьалкхан школа" кхолла аьлла,"Рамадан а, абайа а, цхьа а динан билгалонаш хир йоцуш" аьлла.


Францин Республикан парти тIетайна инициативана, дешаран министран сацам оьшуш а, шен хенна тIеэцна а бу аьлла. "Къарйаза Франци" (LFI) аьрру парти мелхо а дуьхьал йу, и бехкам "конституцица богIуш бац бохуш, хаамбина "Франс пресс" гIирсо.


Францера бусулба динехь болчийн кхеташоно (CFCM), дуккхаъйолу бусулбачийн ассоциацеш цхьаьнатухучу къоман органо дIахьедина, духар "динан билгало" йац аьлла. 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *