Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Даймахкахь Iедалхой тIаьхьабевлла нохчо дIавала тарло Польшин Iедалхоша

Нохчийчуьра вахархо О.Зеламха лаьцна Польшин дозанхоша, депортацин набахте хьажийна иза, хаамбина Кавказ.Реалиига цуьнан хиллачу хIусамнанас. Даймахкахь цунна веран кхерам бу, тешна йу иза.


Оьрсийчоьно федералан лехамашка велла, Интерполехула дIавехна Зеламха, Шемара террорхойн организацешца йукъарлонаш хилла ву аьлла. Редакцица къамелдечо бахарехь, шайггара дехкина бехкаш ду уьш. Цуьнан хилла хIусамда биллгал хилла ву Шемахь, амма президентан Асад Башаран рожана дуьхьал лаьттачу "Маьршачу шемахойн эскаран" декъехь. Францихь и тоба террорхойн лоруш йац, боху цо. ХIетте а, Нохчийчуьра вахархочо пхи шо даьккхина набахтехь терроризмана бехкевина.


Марсхьокху-беттан 23-чохь Францира аравелира Зеламха, хIунда аьлча, оцу махкахь ваха бакъо ца йеллера цунна. Цуьнан гIуллакхан йоллу материалаш оьрсийн ницкъахошка дIакхачийна Францино, билгалдоккху къамел дечо, - цул тIаьхьа иза лехамашка велла боху цо.


"Оьрсийчохь дийна виса шансаш йац цуьнан. Проблема стенца йу аьлча, цигахь валар атта хир дац цуьнан – шуна хууш ма ду, цигахь хьал муха ду. Даим а цуьнан Нохчийчуьра гергарнаш болчу оьхура, хоьттура иза набахтера ара маца волу бохуш. Оцу тIехула дукхахболу цуьнан нах махкара дIабахна", - боху Зеламхин хиллачу хIусамнанас.


Польшин бакъоларйаран органийн белхахоша иза лацаран бахьана документашца доьзна ду аьлла.  Кхин совнах даьккхина хIуммаъ а ца аьлла Iедалхоша.



2022-чу шеран лахьан-баттахь Францерчу нохчашна депортаци йарна кхерам латтарна францхойн бакъоларйаран Habitat-cité и Comité Tchétchénie цхьанакхетараллаша хьажийначу кхайкхамашка хьаьжна расин дискриманаци дIайаккхаран ООН-н комитет. Хьалхо францхойн Iедалан нохчийн мухIажаршкхьа хилла йолу дика йукъаметтиг хийцайелла цхьамогIа зуламаш бахьанехь, боху кехатан авторша: исламистийн радикалаша Charlie Hebdo журналан редакцехь а, Bataclan центрехь а 20I5-чу шарахь тIелатар дича а, нохчийн кхиазхочунна тIелатар дина хила мега аьлла Нохчийчуьра а, Къилбаседа Африкера а схьабевллачарна юкъахь 2020-чу шарахь Дижон гIалахь летарш хилча а, иштта хьехархо Самюэль Пати Нохчийчуьрчу Анзоров Iабдулас Парижан уллохь вийча а.
2022-чу шеран чиллин-баттахь хаанза дисинчу бахьанашца кхелхира Францино депортаци йина хилла 19 шо долу Мурадов Дауд. Цуьнан гергарчара чIагIдо, цунна дIовш деллера бохуш.
2022-чу шеран гезгамашин-баттахь Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело сацамбира Нохчийчуьра шина вахархочо шайна Оьрчийчу депортаци йеш хиларна чубеллачу латкъаман хьокъехь. Шина а гIуллакхца Европан Конвенцин 3-гIа артиклна тIехбевлла аьлла, хьесап дира кхелахоша. Цо доьхку ницкъбан а, шогалла, къизалла, адам сийсазден кепаш лелор – оцу балане хьажош ву и шиъ депортаци йина.
2021-чу шеран аьхка Францера депорт йина волчу Гадаев Мохьмадна кхел йира Нохчийчохь. Низамехь а доцуш герзаш лелорна бехке а вина цхьа шо ахшо хан туьйхира цунна колонехь даккха.  

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *