Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Инстаграмехь Палестинин байракх хIотторна къовсамашкара дIаваьккхина гIалгIайн дзюдон латархо

Олимпикан толамхо, ГIалгIайчуьра дзюдон латархо Халмурзаев Хьасан къийсамийн йукъараваьккхира, дзюдон Федерацин чоьхьара низамаш цо дохийна аьлла. ХЬАМАС тобано Израильна тIелатар а дина, тIаккха вукхара ГIаза декъанна тохарш дан долийча, шен инстаграмерчу агIоне Палестинин байракх йиллинера цо.


Политикан, динан хьежамаш гуш-хезаш дIахьедар доьхкуш долу низам дохийна Халмурзаевс, боху дзюдон дуьненайукъарчу Федерацин пресс-релизехь. Иштта билгалдоккху цара, Халмурзаев цхьана ханна бен дIаваьккхина вац - кхин дIа дан дезарг къасталц.


"Дзюдон дуьненайукъара федераци дискриминацица къийсам латтош йу, адамийн мехаллаш, машар ларбеш йу", – аьлла дийцина оцу цхьанакхетаралло.


ХIара хаам арахоьцучу йукъанна Палестинин флаг Халмурзаевн инстаграмера дIайаьккхина - цуьнан метта шен спортхочун сурт ду цигахь.


Дзюдохо Халмурзаев Хьасан 81 кийла йозаллехь летаршкахь дакъа лоцуш ву, 2016 шарахь дашон мидал йаьккхира цо Рио-де-Жанейрехь хиллачу Олимпикан къовсамашкахь.



ГIадужу-беттан 11-хь болчу хаамашца, ХАМАС-о динчу тIелетарх беллачийн терахь 1200 стаге хьаладаьлла, ГIаза декъехь Израило тохарш дина вийна 950 кхачалц вахархо – израилхойн, палестинхойн Iедало далийна терахьаш ду уьш. Шинна а агIор чевнаш хиллачу нехан терахь 10 эзаре кхочуш ду, ХАМАС-н закъалтехь буьссу бIеннаш нах.
ТIаьххьарчу хаамашца, ХЬАМАС-о Израильна тIелатар дарна беллачу нехан терахь 1300 стаге кхаьчна, Израило ГIаза декъанна тIе саццанза деш долчу тохарех вийна 1200 стаг, шинна а агIонан официалан хаамаш бу уьш. Иштта шина агIор чевнаш йина исс эзар сов адамна. ХЬАМАС-н закъалтехь латтош 130 стаг ву, цара шаьш бахарехь.
Израило ГIаза декъерчу маьршачу объекташна тохарш дар сацош дац – цигахь гуманитаран бохам хIуттуш бу. Израилан Iедало и регион йерриг дIакъоьвлина шаьш аьлла, ур-атталла хи, ток, сурсаташ сацош. ГIазехь цхьаъ бен йоцучу тоькан станцино шен болх сацийна, йагориг чекхйаларна. Палестинера дарбан хIусамашкахь меттиг ца биссина бохуш шоьта дийнахь дуьйна дуьйцура.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *