Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Францера школана тIелатар динчул тIаьхьа махкара арабаха тарло иттаннашкахь Оьрсийчоьнан бахархой. Къилбаседа Кавказернаш а бу царлахь

Школана тIелатар динчул тIаьхьа Францино пачхьалкхера арабаха тарло радикалан хьежамашца бу аьлла, шайн тептаршкахь хилла нах. Бу царлахь нохчий а, кавказхой а. Цунах лаьцна BMF TV каналан эфирехь дIахьедина чоьхьарчу гIуллакхийн  министро Дарманен Жеральда.


Францхойн МВД-но тIедиллина президентана Макрон Эммануэльна радикалан ислам лелош хилла "S тептарехь" волу кхузткъа гергга стаг махкара араваккха аьлла, билгалдаьккхина министро. Цо бахарехь, Iедалхоша кест-кеста депортаци йо "къаьсттина кхераме" хила тарлучу нахана.


ГIадужу-беттан 13-чохь Аррас гIалахь дина тIелатар: вийра хьехархо, чевнаш йира кхин а кхаа стагана. Шеконашкахь ву  - ГIалгIайчуьра Могушков Мохьаммад (хьалхо Iедалхоша хаамбира иза Нохчийчохь вина во аьлла).


Францихь полисхойн тергонехь хиллера иза, "S тертаре" йазвинера радикалан ислам лелош ву аьлла, чIагIдо Le Figaro гIирсан хьасташа. BFM TV канало хаамбо, бехкехетарг – оцу школехь дешна ву бохуш. ТIелатале хьалха мохь бетташ хиллера цо "АллахIу Акбар" бохуш.


2003-чу шарахь баьхкина МогушковгIар Франци. Ши шо даьллачул тIаьхьа Iедалхой дагахь хиллера царна депортаци йан, амма мухIажаршна гIо ден организацеш бахьана долуш, "тIаьххьарчу минотехь Iадбитира" уьш, йаздо канало.


20 шо долу Могушков кхоьлина хуьлура даим а, гуттар а дас ницкъбеш хиллера цунна доьзалехь. 2018-чу шарахь Францира араваьккхира церан да, билгалдоккху Le Figaro гIирсо. Цуьнан воккхаха волу  ваша лецира 2017-чу шарахь, цунна чохь даккха пхи шо туьйхира, террорхойн йукъараллехь дакъалацарна. "Исламан пачхьалкх" олучу тобанна пропаганда йеш хилера цо.


Школана дина тIелатар бахьана долуш мел лахара а лаьцна полицихь латтош ву 10 стаг: ша Могушков а, цуьнан ши ваша, нана, йиша, деваша а, иштта, хетарехь Беларусера волу кхин а  ши стаг. ТIелеттачун зIе хилла боху цаьрца.



Францин чоьхьарчу кхерамзаллин Коьртачу урхаллин тергонехь хиллера Могушков. Еарин дийнахь, тIелатар дале хьалха, цунах таллам бина а хиллера, амма полицин шеко ца тусайелира.
Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Дарманен Жеральда дIахьедина, "Гергарчу Малхбалера хиламашна а, Аррас гIалара школана тIелатар дарна а йукъахь зIе" йу аьлла.
2020-чу шеран гIадужу-беттан 16-чохь Парижана гена йоццучу меттигехь вийра историн хьехархо Самюэль Пати. Ша веле хьалха дешархошца дешан маршонах дуьйцучу цо, Charlie Hebdo журнало Мохьаммад Пайхамарна йехкина карикатураш гайтинера. Ша къамел доладалале хьалха цо аьлла хиллера, классера бусулба бераш арадовла мегар ду, нагахь санна, и карикатураш шайна товш йацахь аьлла. Нохчийчуьра вахархочунна Анзоров IабдуллахIана Пати вевзаш ца хиллера, амма цунна гинера цунна луьйш дIайазйина видео. Хьехархочо болх бечу колледжна улло а веана, иза аравала ларвина, цунна лечу метте урс тоьхнера цо. Анзоровна герз туьйхира францхойн полисхоша, иза лоцучу заманчохь. Нохчийчохь дIавоьллина ву иза. 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *