Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Францера школана ша тIелатале ГIалгIайчуьра вахархочо видео йазйина хилла даIишна ваIда деш

ГIалгIайчуьра вахархочо Могушков Мохьаммада ша Францера школана тIелатале хьалха видео дIайазйина хилла, ша даIишан цIарах лелаш ву аьлла. Цунах лаьцна хаамбина францхойн цхьа могIа зорбанаша, иштта "Radio France", "Le Figaro" гIирсаша а.


Иза лаьцначул тIаьхьа цуьнан телефон чохь карийна видеош а, аудиош а, цу тIехь Могушковс ваIда до "Исламан пачхьалкхана" тешаме хила. Цкъачунна хууш дац, уьш Интернетехь йаржийна хиллий, билгалдоккху "Radio France" ресурсо. Талламхой тешна бу, хьалххе цхьа ойла а йина, дина зулам ду аьлла.


Иштта "Radio France" ресурсо билгалдаьккхина, шен видео тIехь Могушковс "ладам боцуш" къадийна хилар Израилехь гIадужу-беттан 7-чохь ХАМАС-а динчу тIелатарх.


Лаьцна вуьтуш сацам тIеэца кхелан гIишло чу валийна бехкехетарг "эхь доцуш а, питане" лелара, билгалдоккху иштта гIирсо. Оцу гIуллакхехула левеш ву шеконашца лаьцна кхин а ши стаг: жимахволу ваша а, шича а.


Могушковн йишас дийцина цунах лаьцна "къиза, радикалан хьежамаш" болуш вара иза аьлла. Шен вашас динарг йемалдина, цо шаьш балехь латторах дIадийцина цо.


20 шо долу Могушков кхоьлина хуьлура даим а, гуттар а дас ницкъбеш хиллера цунна доьзалехь. 2018-чу шарахь Францира араваьккхира церан да, билгалдоккху Le Figaro гIирсо. Цуьнан воккхаха волу ваша лецира 2017-чу шарахь, цунна чохь даккха пхи шо туьйхира, террорхойн йукъараллехь дакъалацарна. "Исламан пачхьалкх" олучу тобанна пропаганда йеш хилера цо аьлла кхело.



Францихь Аррас гIаларчу школана тIелеттера 20 шо долчу ГIалгIайчуьра схьаваьлла вахархо гIаджу-беттан 13-чохь. Цхьа хьехархо вийра цо, шинна чевнаш йира, йаздо BFM TV, Le Figaro хьасташа. Бехкево – оцу школан хилла дешархо, шайн хьасташна тIетевжина хаамбира BFMTV телеканало. Ша тIелетачу заманчохь "АллахIу Акбар" бохуш мохь биттинера цо.
Школана тIелатар динчул тIаьхьа Францино пачхьалкхера арабаха тарло радикалан хьежамашца бу аьлла, шайн тептаршкахь хилла нах. Бу царлахь нохчий а, кавказхой а. Цунах лаьцна BMF TV каналан эфирехь дIахьедина чоьхьарчу гIуллакхийн министро Дарманен Жеральда. 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *