Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Палестинехь дIайаьхьначу акцихь 34 декъашхочунна протоколаш хIиттийна Черкесскехь

Черкесскера полицино административан къепе йохорах протоколаш хIиттийна Палестинехьа а, шайн республике Израилан бахархой бита дуьхьал хиларна а дIайаьхьначу акцихь. Цунах лаьцна хаамбина "Кавказский узел" гIирсо Кхарачой-Чергазийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина тIетевжина. Гулбелларш бехкебина "къепе йохош барам йа гулам хIотторна".


ГIадужу-беттан 28-чохь дIайаьхьна Черкесскехь митинг. Нах гулбеллера Iедалхойн гIишлона хьалха, Палестинера бахархошна гIо лаца аьлла. Делахь а тIахьо гулбеллачех цхьаболчара тIедожийра регионера "жуьгтех бахархой" арабаха аьлла, Израилера мухIажарш чу а ма бита аьлла.


Полицино хаамбира, митингехь 80 стага дакъалецира аьлла. "Кавказский узел" ресурсо 500 стаг вара йаздира.


Сихха вовшахтоьхна хилла дуьхьалонан акцеш кхин а дIахьош йу Дагестанехь а. "Тут Кавказ" телеграм-канало хаамбира, дуьненайукъара Уйташ аэропортан кIоштахь нах бу гуллуш аьлла, махка Израилера мухIажарш балош Тель-Авивера догIу кемана дуьхьал бовла.



ГIадужу-беттан 28-чохь дагестанхойн Хасавйуртахь маса вовшахтоьхна митинг дIайаьхьира меттигерчу бахархоша "Фламинго" хьешан цIенна хьалха. Гуламан бахьана дара "тIехьаьжна Израилан бахархойх тера нах" цу чохь дIатарбелла аьлла, долийна хабарш.
Палестинехьа де хьалха митингаш хIиттийра иштта Туркойчохь а, Тунисехь а, кхечу пачхьалкхашкахь а.
Латархо Нурмагомедов Хьабиб а вистхилира Палестинехьа гIо доккхуш. ГIазза "стигал бухахь уггар а йоккха набахте" йу элира цо, кхайкхамбира бусалбанашка палестинхошна тIера ламазаш де аьлла.
ГIадужу-беттан 7-чохь дуьненан дуккхаъчу пачхьалкхашкахь террорхойн леринчу ХЬАМАС, "Исламан джихIад" тобанаш тIелетира Израилан къилбехь. Оцу тIелетарехь байинчийн терахь 1400 ду. 200 сов стаг джихIадхоша закъалте лецна, ГIаззе дIабигина. Дуьхьал жоп луш Израило ГIаззехь динчу тохаршкахь, палестинхойн хаамашца, 4 эзар сов вийна. Палестинан агIоно Израиль бехкейо бахархойн гIишлошна тIе тохарш дарна. 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *