Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

КъорIан дагорна бехкевечу Журавель Никитин довхаттар йуха а дIатеттина Нохчийчуьра кхело

Нохчийчохь кхоалгIа а йухатеттина КъорIан дагорна бехкевечу Волгоградера вахархочун Журавель Никитин гIуллакх листар –волайнхо дIакхайкхийна нохчийн маьждигашкара 13 имам кхеле ца веана йуха а. Соьлжа-ГIалара Висаитовн кIоштан кхело видео зIенехула хеттарш дира Волгоградера бехкаш дахкаран агIонера шина теше: маьждиган имаме Бектемиров Ильясе а, VI.ru сайтан корреспонденте Богданов Иване а.


Журналисто дIахьедина, КъорIан дагош видео "Утро Дагестан" телеграм-каналехь гира шена аьлла.


"Видео тIехь цхьана стага, Волгоградера Ворошиловскан кIоштара Поворинская урамехь долчу маьждигах терачу  маьжигна хьалха КъорIан дагийра. Видео йоккхучун карахь жайна дара. Цуьнан йуьхь гуш йацара", - аьлла Богдановс. VI.ru сайтехь лакхарчу корреспондентан болх беш ву иза, гIаличуьра хаамех йаздо цо.


Кхелехь йуха а бусалбанашка шена гечдар дийхира Журавель Никитас, цо элира, ша КъорIан Iамо волавелла, йаздо "Сапа Кавказ" телаграм-канало а, "Чечня Сегодня" сайто а.


"Суо чохь латточу йукъанна КъорIан доьшуш ву со, и толлу аса, делах тешачийн дог-ойла айса мел сийсазйина тIаьхьакхиархьама", - Журавель Никитин дешнаш далийна РИА "Новости" агенталло, кхелан гIишло чохь хиллачу корреспондентана тIетевжина.


Бехкаш дохкучу агIор волу кхин а ши теш а, волайнхой лерина 13 имам а ца варна дов хаттар дIатеттина лахьан-беттан 16-чу дийне.


Журавель Никита бехкево далла Iамал йан а, динца доьзна барамаш дIабахьа а билгалйаьхначу меттигашкахь Делах тешачийн дог-ойла сийсазйарна а, иштта динца болчу цабезамца йухахьара леларна а. Цо дIахьедина, КъорIан дагорна ша бехке хиларна къера а ву ша, амма шога къепе йохо лаам болуш вацара ша аьлла.


ГIадужу-беттахь кхин а йалх баттана лаьцна вуьтуш, хан дIайахйира цуьнан. Журавелан адвокатна Антонова Юлияна хетарехь, иза лаьцна латторца цуьнан кхерамзалла ларйийр йу. Марсхьокху-баттахь волгоградхочунна йиттира Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIанта, тIаьхьо республикин Турпалхо аьлла, цIе йелира цунна. Оцу гIуллакхехула хьалхара кхеташо йолайалале Кадыров Рамзана видео йаржийра, цу тIехь сийсазво цо лаьцнарг.



КъорIан дагийна аьллачу шеконашца Журавель Никита лецира стигалкъекъа-беттан 21-хь. Талламан версица,  цо дагийна КъорIан 10 эзар сом лур ду аьллачу СБУ-н тIедилларца. Ницкъахоша дIахьедина, Журавеля мукIарло деш дIахьедина, ша СБУ-на лерина тIеман гIишлойн суьрташ дохуш вара аьлла. Талламан комитетан куьйгалхочун Бастрыкин Александран тIедилларца, гIуллакх Нохчийчу дIаделира, ткъа Соьлжа-ГIала валийначу лаьцначунна дуьхьал бевллера меттигера бахархой, "шарIан кхел" йе цунна бохуш, маьхьарий детташ. Эксперташна хетарехь, "шайна ма-ттов кхел йе" аьлла, дIавелла жимстаг.
Хьалхо кхело дуьхьало йира адвокатна федералан суьдхо Дандаев Руслан оцу гIуллакхна йукъара ваккха аьлла, динчу дехарна. Цо озабезамаш лелорах кхерарна дехнера иза боху адвоката. Цунна хетарехь, Дандаев нохчо а, бусалба а хиларе терра, и гIуллакх луьстучу заманчохь цо нийсо лелор йац. 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *