Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Нахана тIелетарш дан тIехьехарна 10 шо хан тоьхна Францихь Нохчийчуьра вахархочунна

Францихь вехачу Нохчийчуьра вахархочунна Анаев Iабдул-Хьаькамна чохь даккха 10 шо тоьхна терроран зуламан йуккъараллехь дакъалацарна. Кхело Анаев бехкевина, 2018-чу шарахь тIехволучу стагана урс хьаькхна, кхин а масех стагана чевнаш йина шен доттагI Азимов Хьамзат зуламна тIехьехарна.


26 шо долчу Анаевна набахтехь даккха 30 шо тоха кхерам бара, йаздо Le Monde гIирсо. Шен доттагIчун Iалашонах Анаевна билггал хууш дара аьлла, талламан аьтто ца хилира тIечIагIдан, цундела зуламехь дакъалаьцна аьлла, бехк биллина ца хилла цунна. "Идейшца вуьзна" аьлла бехке озийна. Къоман антитерроран прокуратуро 17 шо тоха бехира цунна чохь даккха.


Кхелехь Анаевс дIахьедира, щен доттагI Азимов пропагандистийн роликашка хьежа волавеллера: "Жима бер ма дацара иза, динах кхета соьгара гIо оьшуш". Пхеа дийнахь йоьдучу кхелан процессехь Анаевс бакъ ца дора, ша цунна Iаткъам бина бохург, хаамбира Le Parisien гIирсо. Цу йукъана цо даредина, "радикализацих кхетта, социалан машанашкахь джихIадхойн идеологи йаржош вара" ша аьлла.


1997-чу шарахь Оьрсийчохь вина Анаев Iабдул-Хьаьким, 2005-чу шарахь кхаьчна цуьнан доьзал Европе.


Ша лацале хьалха чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин иммиграцин а, интеграцин гIуллакхашкахула йолчу Урхаллин Страсбургера декъехь болх беша вара иза. Францин къайлахчу сервисаша тидамехь латтош хилла Анаев 2016-чу шарера схьа дуьйна, Шема дIайаха а гIоьртина, радикалан хьежамашца йолу йоI цо Iалийначул тIаьхьа. Ницкъахошка цуьнан дас дийцинера, шен кIанта экстремистийн "Исламан пачхьалкх" тобанан байракх йара цIахь латтош аьлла. Церан петарх хьовсучу хенахь ворхI мобилан телефон схьайаьккхинера.


Азимов Хьамзат тIелеттера Парижан йуккъехь тIехбуьйлучу нахана 2018-чу шеран стигалкъекъа-беттан 12-чу дийнахь. Уьрсаца "АллахIу Акбар" бохуш мохь бетташ, Операн гIишлона хьалха нахана тIелеттера иза, вийра цхьаъ, лазийра виъ стаг. ТIелатарх жоьпалла шена тIеийцира "Исламан пачхьалкх" тобано, шолгIачу дийнахь видео йаржийра цара, цу тIехь джихIадхойн организацина ваIда деш ву Азимов.



ГIалгIайчуьра вахархочунна Могушков Мохьаммадна бехкаш дехкина школана тIелеттачул тIаьхьа. ГIадужу-беттан 13-чохь школан кертахь уьрсаца тIелеттера иза хьехархочунна, вийра францхойн меттан а, литературин а хьехархо, кхин а шинна чевнаш йира. Францхойн Iедалхошна хетарехь, Могушков тIелеттера Израилан а, Палестинан а тIамна тIехула.
Страсбурган кхело дуьненан Синагогина уллохь лецира уьрсаца 15 шо долу нохчех кхиазхо. Бакъоларйаран органийн хамашца, синагогин керта тIехула урс хьаькхна, цул тIаьхьа пхуьйшах лачкъийра цо.
Школана Могушквос тIелатар динчул тIаьхьа Францино пачхьалкхера арабаха тарло радикалан хьежамашца бу аьлла, шайн тептаршкахь хилла 60 гергга стаг. Бу царлахь нохчий а, кавказхой а. Цунах лаьцна BMF TV каналан эфирехь дIахьедина чоьхьарчу гIуллакхийн министро Дарманен Жеральда.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *