Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Шен вешин кIантана Нохчийчоьнан "турпалхочун" цIе йелла Кадыров Рамзана

Нохчийчоьнан куьйгалхочун 26 шо долчу вешин кIантана Кадыров Хьамзатана мехкан "турпалхо" цIе йелла. СовгIат цунна дIакхачийна регионан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. ХIун динчунна седа белла – хууш дац.


"Хьамзат Зелимханович хьакъ волу бIанакъост ву вайн Къоман Лидеран!... Цуьнан букъа тIехьа кеп-кепарчу белхашкахь къахьегна зеделларг ду, массо а меттехь цо ша бакъонца, нийсонца, лаккхара говзалла йолуш урхалхо хилар дIагайтина", - кхетийна совгIат дарх Нохчийчоьнан къоман политикан а, информацин а министро Дудаев Ахьмада.


Кадыров Хьамзат – мехкан урхалхочун ницкъалин блокехула гIоьнча а, бахаман, латтанийн меттигийн министр ву. 2018-чу шарахь Кадыров Ахьмадан цIарах орден йелира цунна, кху шарахь Росгвардин "ГIо дарна" мидал а, президентан Путин Владимиран омрица II-бараман орден йелира "Даймахкана хьалха гIуллакха дарна" аьлла.


Хьалхо, лахьан-беттан 9-чохь хааме даьккхира, Нохчийчоьнан куьйгалхочун воIаршна КадыровгIеран Ахьмадна а, Элина а, Адамна а керла совгIаташ дарх - республикерчу парламентан спикеро Даудов Мохьмада орденаш йелла царна "Даймехкан Сий" аьлла.



Мангал-баттахь Кадыров Хьамзата шен социал-машанашкарчу агIонашкахь дIахьедарш дира, "нохчийн ламасташ цалардечарна" кхерамаш туьйсуш. Цо билгалдаьккхира, Iедалхоша гIарола дийр ду цу тайпачу агIонийн, "низамах боьхнарш" жоьпе узур бу аьлла. Дуьйцург билггал муьлха низам ду - хууш дац. Оьрсийчоьнан низамехь цу кепарчу жоьпаллин бух банне бац.
Иттанашкахь болу республикин куьйгалхочун гергара нах Нохчийчоьнан Iедалерчу даккхийрачу даржашка дIахIиттош бу. Шен нахана карьера йеш ша гIо дар цунна хIумма доьхна ца хета. "Суо тешшарш дIахIиттабо-кх аса", – бехира Кадыровс.
Iедалерчу даржашка хIиттийна цуьнан бераш, йижарий, невцарий, вешин, йижарийн бераш, шичой, маьхчой. Кавказ.Реалии редакцино беххачу могIанца охьабазбина Iедалан лаккхарчу даржашкахь болу Кадыровн гергарнаш. 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *