Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Терроризмана бехкехетарг вийна шаьш аьлла ГIалгIайчуьра ницкъахоша

Терроризмана бехкехетарг вийна гIалгIайн Сунжехь, иза лаца хьийзачу хенахь аьлла, хаамбина пачхьалкхан "Интерфакс" агенталло регионера полисхошна тIетевжина. Лазийна цхьа белхахо. Республикера къайлахчу сервисийн урхалло дIахьедина, тIемалочунна гIо деш хилларг вер тIечIагIдо шаьш аьлла.


"Леррина операци йацара и, вуьшта иза лаца гIертара тхо, амма иза герз детта волавелира. СОБР-н белхахо лазийна", - билгалдаьккхина Кавказ.Реалиин регионера хьасто. ФСБ-н ницкъашца "СОБР-н белхахоша гIо а деш" лоцуш вара иза, тIетоьхна.


Къамелдечо бахарехь, вийначун цIе йу Ганиев Хизир. Цунах шеконаш йара, стохка бIаьста ГIалгIайчохь цхьа могIа кхийсаршкахула долчу гIуллакхна тIехула лаца кхайкхийначу 33 шо долчу Гуражев Амирханна а, 35 шо долчу Оздоев Адамна а гIо латторна.


Вийначу Ганиевн агIор хиллачух лаьцна комментарий йац Кавказ.Реалии редакцин.


Охан-баттахь ГIалгIайчохь кхийсаршкахь вийра полисхошна тIелетарш дина ву аьлла виъ стаг, кхин а шиъ лецира – исс лаца кхайкхийра. Iедалхоша чIагIдора, тIелеттачара шаьш Оьрсийчохь террорхойн леринчу даIишхойн тобанан агIнчаш ду аьлла, дIакхайкхийнера.



Йуьхьанца лаца кхайкхийнера йалх стаг. Зазадокху-беттан 29-чохь царех цхьаъ, Эльдиев Рамазан, Карабулакехь велла карийра, тIелеттачу заманчохь йинчу чевнех кхелхина хила тарлора иза. Коттоев Мовсаран дакъа схьакарийра Малгобекан-кIоштара Iелин-Йуьртахь оханан-беттан 5-чохь, дийцарехь, цуьнан четахь граната иккхинера. Оханан-беттан 7-чохь лецира лехамашка велла хилла Боков Iамир, шолгIачу дийнахь пачхьалкхан зорбанан гIирсаша йаздора, воьалгIа тIелеттарг а лаьцна ницкъахоша, иза ву 24 шо долу Мошхоев Микаил бохуш.
Зазадоккху –беттан 27-чу буса бевзаш боцчу наха герзаш диттира ГIалгIайчоьнан а, Къилбаседа ХIирийчоьнан а дозанера полицин постана, цул тIаьхьа къайлабевллера уьш. Шина поличхочунна чевнаш йира. Охан-беттан 3-чохь муьлш бу цахуучу наха герзаш диттира Iелин-Йуьртара полицин белхахошна тIе, цхьа ницкъахо лазийра. Цул тIаьхьа охан-беттан 5-чу буса Малгобекан кIоштара Зязиков-Йуьртахь йуха а герзаш диттира – вийра кхо полисхо, бархIанна чевнаш йира.
Масех бехктакхаман гIуллакх диллира Оьрсийчоьнан Талламан комитетео ГIалгIайчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а цхьа могIа тIелатарш хиллачул тIаьхьа. Шина артиклехь толлур ду уьш: бакъоларйаран органан белхахочун дахарна тIекховдар, бакъо йоцуш герз лелор а. 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *