Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Терроран тохар кечдеш хилла аьлла Германихь нохчийн кхиазхо лаьцна

Немцойн федералан Бранденбург лаьтта тIехь 16 шо долу Нохчийчуьра схьаваьлла кIант лаьцна. Полицин хаамашца, Керлачу шарна леринчу базарахь терроран тохар дан Iалашо йолуш хилла иза. Иштта лаьцна ву боху цуьнан накъост а – 15 шо долу Къилбаседанера Рейн-Вестфалия лаьттан вахархо а.


"BILD на русском" хьастан хаамашца, йукъахдаьккхина теракт кхочушдан лерина хилла гIуран-беттан 1-чохь – цунах лаьцна дIакхайкхийнера лаьцначех уггар а жимахволчу кхиазхочо, овхIанхойн орамаш долчу Д.Эдриса. "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанан агIончаша телеграмехь бина и хаам.


Талламна хетарехь, Эдриса уьйраш латтош хилла 16 шо долчу Оьрсийчуьра М.Расулца. ТIаьххьарниг вевзаш ву полицина, террорхойн пропаганда йаржон, "Исламан пачхьалкхан" агIонча санна. Reuters агенталло шайн хьастана тIетевжина хаамбина, Расул – Нохчийчуьра вахархо ву аьлла.


BILD-н информацица, куьйга йинчу лоьлхуьйтучу хIуманашца, йа кир лелочу машенца Керлачу шарна хIоттийначу  базарахь, йа Кельнера синагогехь теракт йан дагахь хилла кхиазхой. Оцу йукъанна Къилбаседа Рейн-Вестфалия лаьттан чоьхьарчу гIуллакхийн министра дIахьедира, Керлачу шарна хIоттийначу базарахь терроран тохар дан Iалашо хилла церан, амма билгал ца даьккхина цо, муьлхачу гIалахь.



Лахьан-беттан 23-чохь Германихь пачхьалкхехь йихкинчу ХЬАМАС, "Самидун" организацийн декъашхойн а, церан агIончийн а 15 гIишло теллира.
ГIадужу-беттан 23-чохь Францихь лецира 15- 16 шераш долу виъ кхиазхо, кхаанна бехкаш дехкира Бельгира Израилан векалтана тIелата кечбаларна. Лаьцначех кхоъ – Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а ву.
ГIадужу-беттан 20-чохь Страсбурган полицино дуьненан Синагогина уллохь лецира уьрсаца 15 шо долу нохчех кхиазхо. Бакъоларйаран органийн хамашца, синагогин керта тIехула урс хьаькхна, цул тIаьхьа пхуьйшах лачкъийра цо. Жимчу стеган телефон чохь карийра дIайахьийтина смс, Калашниковн автомат "йетта" лицейна тIе (хууш дац, йуьйцург муьлха лицей йу), цо йаздинера ша "уггар а гIараваьлла нохчо" хир ву.
ГIадужу-беттан 16-чохь суьйранна Брюсселехь герз детта долийра урамехь. Ши стаг вийра. Зуламхо къайлавелира скутер тIехь. ШолгIачу дийнахь шеко йолу 45 шо долу Лассуед Iабдесалем лоцучу заманчохь вийра полисхоша. Лассуеда видео дIайазйинера, цу тIехь цо чIагIдора, ша "Исламан пачхьалкхан" агIонча ву, дозалла дора, "мунепакъаш" бойура ша бохуш. Динна хьалхара лечу "бусалбанех бекхам беш", ши стаг вийна ша бохура цо.
Францихь гIадужу-беттан 13-чохь Аррас гIаларчу школана тIелеттера 20 шо долу ГIалгIайчуьра схьаваьлла вахархо Могушков Мохьаммад. Цхьа хьехархо вийра цо, шинна чевнаш йира, йаздо BFM TV, Le Figaro хьасташа. Бехкево – оцу школан хилла дешархо, шайн хьасташна тIетевжина хаамбира BFMTV телеканало. Ша тIелетачу заманчохь "АллахIу Акбар" бохуш мохь биттинера цо.
Школана тIелеттачу ГIалгIайчуьра вахархочунна Могушков Мохьаммадна Францихь бехкаш дехкира гIадужу-беттан 18-чохь терроран гIуллакхца доьзна стаг верна а, иза вен кIелойарна а, террорхойн йукъараллехь дакъалацарна а. 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *