Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"Набахтера джамаIат" гIуллакхехула гIалмакхойн колонихь 11 шераш тоьхна ворхI тутмакхна

ГIалмакхойчуьра колонихь террорхойн йукъаралла кхоьллина аьлла, бехкевечу кхин а ворхIанна Ростов-на-Дону гIалин тIеман кхело таIзарш кхайкхийна. 8 шарера 11 шаре кхаччалц хенаш йиттина царна. Хьалхо "набахтера джамаIат" гIуллакхехула кхел йинчу кхечу тутмакхаша бехкаш тIе ца лецира, и бехк шайггара биллина бохура цара.


Кхелан сацамехь билгалдаьккхина, 2023-чу шарахь колонин дозана тIехь Оьрсийчохь йихкинчу террорхойн "Ахлю ас-Сунна ва-аль-ДжамаIат" тоба кхолларх, цу йукъа оьхура тутмакхаш аьлла.


Пхеанна хенаш тоьхна 8 шарера 11 шаре кхаччалц къастийначу рожан хьелашкара колонихь йаккха, йаздо "Интерфаксо" кхелан пресс-гIуллакххошна тIетевжина. Царна массарна а таIзар дина террорхойн йукъараллехь дакъалацарна, йалханна массарна а герагхь терроризм къобалйар аьлла артикл тIетоьхна.


Бехкбуьллучийн версица, "радикалан исламан идеологи йаржош" хилла цара, иштта "йаржайора экстремистийн, терроран а чулацам болу материалаш а".


Оцу гIуллакхехула кхул а хьалха таIзар дира гезгамашин-баттахь. ХIетахь Ростовехь Къилбаседа Кавказан мехкашкара йалх вахархо бехке лерира терроризмана пропаганла лелорна, 5 шарна тIера 8 шаре хенаш кхайкхийра царна.



Оцу кепара "ДжамаIат" кхолларна аьлла гIуллакх долийра ГIалмакхойчохь йолчу ИК-2 набахтерчу тутмакхашна дуьхьал. Талламна хетарехь, 2013 шарахь цхьа хьенехан Гасанов Шахбан бохучу стага кхоьллина и тоба – цигахь хан текхна боху оцу стага, низамехь доцуш герз дохкарна. 2015 шарахь Гасанов Хасавйуьртахь вийра. ГIуллакхехула 100 гергга стаг ву бехкевеш, шайлахь оцу набахтин куьйгалхо, цуьнан гIовс волуш – терроран тобанна Iуналла дарна бехкево и шиъ.
Оцу гIуллакхехула бехкаш бехкина волчу СИЗО чохь латточух цхьаьнца къамелдан аьтто хилира Кавказ.Реалиин редакцин. Рамазанов Магомедалис бахарехь, и гIуллакх дерриг харц бух тIехь долийна ду, ша оцу "набахтин джамаIатехь" дакъа лаьцна хилар, йа ур-атталла и "тоба" оцу набахтехь хилар а бакъ дац боху цо. 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *