ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь 38 велла уьнах. Лазарца ву - 741
ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 38 пациент, цомгуш хилла кхин 741. Iедалшкара болчу хаамца, Краснодар-махкахь уьнан велла 20 вахархо, Ставропол-махкахь – 6, Нохчийчохь - 3, Дагестанехь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Адыгейхь а - шишша, ГIалмакхойчохь - цхьаъ. Верриг а пандемин муьрехь COVID-19 цамгарх белларш бу Къилбаседа Кавказехь 1 358 стаг, боху официало. Дийнахь-буса массанхьачул дукха ун хьакхаделла нах бу Краснодар-махкахь, лахара – Къилбаседа-ХIирийчохь. Читать дальше...