Валлалц хан тоьхна волу Ичкерин агIонча вада ойла йолчу нехан тептарера дIа ца ваьккхина
Валлалц набахтехь яккха хан тоьхна волчу къобалъянзачу Ичкерин кхерамазаллин сервисан хиллачу белхахочун Дандаев Iаьрбин латкъам тIеэца реза ца хилла Нохчийчоьнан Лаккхара кхел. Вада гIертачу тутмакхан кепехь ша профилактикан чоьте хIотторан сацам низамехь боцуш ларар тIедожийнера цо. Хьалхо цуьнан арз къобалдан дуьхьал хилира Соьлжа-ГIалин Старопромысловскан кхел, амма Дандаевс и сацам къевсира. Свердловскан махкара ша чохь хан текхна йолчу ГУФСИН-н № 56 колонина ("Черный беркут" цIарца евзаш ю иштта... Читать дальше...