Чоьхьарчу гIуллакхийн министро нохчийн мухIажар махкара араваьккхар толлуш ду Францихь
Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министрана Дарманен Джеральдана а, Лакхарчу Вьеннан префект хиллачу Морси Сеймуранна а, Парижан полицин хиллачу префектана Лаллеман Дидьенна а арз динчул тIаьхьа оцу пачхьалкхехь талламаш болийна. Нохчийн мухIажарна Гадаев Мохьмадана 2021-чу шарахь депортаци йарца доьзна ду и, йаздо AFP агенталлина тIетевжина Le Parisien ресурсо. Гадаевна депортаци йечу омрана куьгйаздинарг Дарманен ву аьлла бу хаам – оцу тIехула иза бехкево Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а Iедалхошца юкъарлонаш долуш ву аьлла. Читать дальше...