Стаг вен кхачор меттахIоттаде боху Адаман бакъонийн кхеташонан Нохчийчуьрчу векало
![Стаг вен кхачор меттахIоттаде боху Адаман бакъонийн кхеташонан Нохчийчуьрчу векало](https://gdb.rferl.org/581768C3-9E9F-443B-A3A6-C9782708A6E5_w800_h450.jpg)
Педофилашна а, бер дийначунна а кхелехула вен кхачор меттахIотто деза, аьлла, кхайкхам баржийна Оьрсийчоьнан Юкъараллин палатин а, Адаман бакъонийн кхеташонан а Нохчийчуьрчу декъашхочо Солтаев Мансура. Цо президенте а, Пачхьалкхан Думе а, пачхьалкхан Юкъараллин кхеташоне а хьажийна шен дехар.
Шен кхайкхам нийса бу аьлла хета Солтаевна, бухе дуьллу цо Дагестанехь 8 шо долу Омарова Калимат яда а йина, хийзор, цул тIаьхьа ер. Оцу зуламна бехкево Iедало 36 шо долу Леваши юьртара вахархо.
Оьрсийчохь стаг кхелехула верна мораторий хIоттийра президента Ельцин Бориса 1996-чу шарахь. Пачхьалкхехь стаг вуьйш вацахь а, иза вен кхачор хIетте а дисина Бекхтакхаман кодексехь.
Шо хьалха Солтаев Мансура дийхира масех зуда яло магар Оьрсийчоьнан низаме даккхар.