Оьрсийн эскархо вийна Шемахь
Оцу юкъанна тIеман министралло цхьа а коммент ца йина Пономаревн валарх.
Orenday-н информацица, Пономарев Владимир валарх дахначу кIиран кхааридийнахь Iорадаьлла. ХIеттахь CIT группано хаийтира, Шемахь Оьрсийчоьнан контрактхо, 22 шо долу Солопов Александр вийна аьлла. Иза ший а Малхбалерчу Гутехь вийначух тера ду аьлла хета талламчашна.
Оьрсийчоьнан тIеман министралло официалехь гIарадаккхарца, оьрсийн Шемахь велларг 80 стаг ву.
ТIаьххьара цара тоьшалла дира дахначу кIиранах тIеман - транспортан Ан-6 кема дохарх. Цу чохь велира 39 стаг, доккхачу декъанна, Оьрсийчоьнан эскаран офицераш, иштта инарла-майор Еремеев Владимир а.

