"ФСБ-га хеттарш Iаламат дукха ду": Нохчийчуьра криминалан къу лаьцна Стамбулехь
Цхьатерра масех интернет-ресурсаша, шайн хьасташна тIетевжина хаамбира, 2021-чу шеран гурралц "криминалан къуьнан" статусехь хилла криминалан авторитет Домбаев Ахьмад (Ахмед Шалинский цIарца вевза) Стамбулехь лацарх. Телеграм-каналийн информацица, Домбаевн а, цуьнца цхьаьна хиллачийн а Iалашо хилла, Туркойчохь а, Европехь а бехачу Кадыров Рамзанан рожан критикашна кIелонаш ян. Туркойн къайлахчу сервисаша а, меттигерчу зорбан гIирсаша а цкъачунна йеш комментарий яц Оьрсийчоьнан бахархой лецарх лаьцна. Читать дальше...