Новозеландерчу маьждигехь лазийначех кхи цхьаъ а велла
Кху шеран Зазадоккху-беттан 15-чохь Новозеландерчу Крайстчерчан маьждигехь динчу тIелатарехь байинчийн терахь совдаьлла. Туркойчуьра вахархо Туран Зекерия велла цу терактехь йинчу чевнех аьлла, хаамбина Anadolu агенталло. Когах а, букъах а чевнаш йинера Туранна. Веллачун вашас дийцина агенталле, операци ечу заманчохь дIаиха доладелла цIий сацо аьтто ца хилла лоьрийн аьлла. "Цунна гIоле ю бохуш, самукъадаьллера тхан. 50 дийнахь къийсам латтий цо шен могушаллица. Оха а, лоьраша тхайн ницкъ берриг дира", - аьлла вашас. Читать дальше...