Нохчийчуьра кхелхина баьхкинчу нахана гIо дан комисси кхуллуш ю гIалгIайн Iедало
ТIемаш бахьана долуш Нохчийчуьра дIабахана ГIалгIайчохь баха хевшинчу нехан коьрта проблемаш дIайохур ю гергарчу хенахь, хаам бо ТАСС агенталло, ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнан зорбанан сервисана тIе а тевжаш.
ГIалгIайн Iедало далочу терахьашца, Нохчийчуьра мухIажирашна хьажийна 1439 петар йина республикехь.