БагIдадерчу набахтехь Оьрсийчуьра ши йоI карийна Сабсабина
Оьрсийчоьнан Федерацин кхеташонан декъашхочо Сабсаби Зияда хаам бина, БагIдадерчу цхьана набахтехь Оьрсийчуьра ши йоI карийна шайна аьлла. И шиъ "Исламан пачхьалкхо" Iуналла дечу территори тIе дIайигина хилла церан дай-наноша. Цунах лаьцна хаам бина «РИА Новости» агенталло. Сабсабис дийцарехь, ХIинжа-гIалара а, Тюменера а ши йоI латтош хилла зударийн набахтехь. Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан юкъагIортар бахьана долуш аьтто баьлла кхеле и шиъ цIаерзо оьшуш болу сацам байта. Дийцарехь, цу шинан дай-наной кхелхина. Читать дальше...