Полисхойх летта нохчийн кегийрхой Венехь
Тешаша кхайкхина полисхой схьакхаьчча, царах а летта 18 шарера 21 шаре кхаччалца хенаш йолу кегийрхой. Цхьа полисхо лоьрийн цIийне кхачийна.
Зуламхой лецна. Маршо Радио-н корреспонденте Венерчу полицин прессица болх баран декъехь бинчу хаамца, Iедалхошна дуьхьало ярна а, полисхойх латарна а бехктакхаман гIуллакхаш схьадиллина царна дуьхьал.