Патриарх Кирилл: Донбассехь йийсаре лецна нах хийца барт бина шина агIоно
Цу дийцаршкахь дакъалоцуш хиллачу ДНР олучу сепаратистийн тобанан хьалханчо Захарченко Александра хаам бина, йийсарехь болу нах хуьйцур бу шаьш ГIура-беттан 27-чу дийнахь аьлла.
Беларусерчу Минскехь 2015-чу шарахь Чиллан-беттан 12-чу дийнахь бинчу бертан цхьа дакъа ду массо а йийсаре лецна стаг хийцар. Делахь а, тIаьхьарчу 14 баттахь цхьа а стаг хийцина вац.