Шен харжамийн фондехь мел ахча ду хаийтина Собчак Ксенияс
Иттанашкахь гоьбевллачу бизнесменашкара кхаьчна шена ахча боху Собчака, амма церан цIераш ца яьхна.
Харжамаш дIабевллачул тIаьхьа, шен Iалашонех дуьйцуш, парти кхуллур ю ша аьлла, Собчака. Кандидатийн таро хир ю боху цо парламентан а, регионан а харжамашкахь оцу партин цIарах дакъалаца.
Керлачу шеран буса Собчак Ксенияс зезагаш дехкира политик Немцов Борис вийначу меттигехь. Оппозиционерна хIоттийначу хIолламна ха дечу волонтерашца къамел а дира.