Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Январь
2018

Новости за 01.01.2018

Radiomarsho.com 

Шен харжамийн фондехь мел ахча ду хаийтина Собчак Ксенияс

Шен харжамийн фондан бюджетехь мел ахча вовшахкхетта хаийтина Оьрсийчоьнан президентан харжамийн кандидато Собчак Ксенияс. Цо бахарехь, 35 миллион сом гулдан аьтто хилла цуьнан. "Настоящее время" телеканале бина журналисто и хаам. Иттанашкахь гоьбевллачу бизнесменашкара кхаьчна шена ахча боху Собчака, амма церан цIераш ца яьхна. Харжамаш дIабевллачул тIаьхьа, шен Iалашонех дуьйцуш, парти кхуллур ю ша аьлла, Собчака. Кандидатийн таро хир ю боху цо парламентан а, регионан а харжамашкахь оцу партин цIарах дакъалаца. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

50 анониман телефон тоьхна Оьрсийчохь бомбанаш йоьхкина аьлла

ТIаьххьарчу дийнахь-бусий 50 анониман телефон тоьхна Оьрсийчоьнан 30 гIаланийн йохка-эцаран центрашкахь а, аэропорташкахь а, цIеношкахь а, метрош чохь а, ресторанашкахь а, хьешанан хIусамашкахь а йоьхкиан бомбанаш ю аьлла. Оцу гIишлошчуьра кIелхьарабаьхна 14 эзар сов нах. Уггар дукха адамашна эвакуацеш йина Хабаровскехь а, Комсомольск - Амурехь а, Красноярскехь а, Читахь а, Астраханехь а, Волгоградехь а, Москох а, ХIинжа-ГIалахь а, Воронежехь а, Петарбухахь а, Москох а, кхечу гIаланашкахь а. Цхьа а бина хаам бух болуш ца карийна полисхошна.

Radiomarsho.com 

ТехIеранан полицино лоьцур бац исламан дресс-кодехь ца лела зударий

Исламан дресс-кодехь ца лела зударий кхи дIа йолчу хенахь лоьцур бац шаьш аьлла, дIахьедина ТехIеранан полицин куьйгалхочо. Associated Press агенталло бина и хаам, гIажаройн зорбанашна тIе а тевжаш. "Полицин куьйгало бинчу сацамца, хила ма деззачу исламан духаршца ца леларш кхи лоьцур бац", аьлла инарлан Рахьими Хьусейнан дешнаш даладо ингалсан маттерчу Tehran Times-о. Инарлас дийцарехь, полицино вовшахтоьхначу леринчу урокашка хьийсор бу уьш. Associated Press агенталло бахарехь, дукхазза низам ца лардинарш жоьпалле ийзор бу. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ООН-ан кхерамзаллан Кхеташонан куьйгалле хIоттийна Казахстан

Оршотдийнахь дуьххьара ООН-ан кхерамзаллан Кхеташонан (Совбез) куьйгалле хIоттийна Казахстан. Оцу статусехь Астанан декхарш хир ду Юккъерчу Азин интересаш хьалхаяхар, терроризмна дуьхьало латтор, зарратан герз ца оьккхуьйтуш машар латтор, глобалан конфликташ а, тIемаш берзор. Казахстанан арахьарчу гIуллакхийн министраллан сайт тIехm бина и хаам. Астанан инициативаца ООН-ан Кхерамзаллан Кхеташонан официалехь дуьххьара церемони хир ю 2019-гIа шо дерззалц къастийначу Кхеташонан декъашхойн-пачхьалкхийн байракхаш хIиттош. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Трампа керлачу шарца декъалбина шен доттагIий а, мостагIий а, "фейкан зорбанаш" а

Твиттерерчу шен агIон тIехь керлачу шарца декъалбина Iамеркан президенто Трамп Доналда массо а доттагIий а, агIончаш а, ишта мостагIий а, харцдерг даржо хаамийн гIирсаш а. Iамеркан дуккхаъчу зорбанаша - CNN, The New York Times, ABC, The Washington Post а, кхечара а критике доккху Трампан лелар. Доккхачу декъанна, журналисташа яздо харжамашна кечамаш бечу хенахь Трампан Москохца уьйраш хилла бохуш. Ткъа Трампа журналисташа фейкан хаамаш баржабо аьлла, тIе ца дуьту. Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкахь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Къайлах мессенджерш лелор дихкина Оьрсийчоьнан низамашца

Оршотдийнахь дуьйна болх бан долало анонимехь мессенджерех пайдаэцар доьхкуш юкъадаьккхина низам, карладоккху ТАСС агенталло. Керлачу шеран хьалхарчу дийнахь дуьйнна социалан машане язлучу хенахь шайн телефонан лоьмар билгалъяккха деза Оьрсийчоьнан бахархойн. Ткъа телефончуьра сим-карта паспорт тIерачу цIарца эцна хила дезаш ду. Оцо таро хуьлуьйту, полисхошна луучу хенахь бахархойх муьлхха а информаци маьршша схьаэца. Керла низам хьаьшначунна гIуда тохар хьоьху 5 эзар соьме гергга. Нагахь гIуда хьарчинарг долахо велахь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Шемарчу нохчийн эскархошна Керлачу шеран совгIаташ декъна

Шемахь тIеман дакъошкахь болчу нохчашна Керлачу шеран совгIаташ кхачийна Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо. Юкъараллан, экономикан кхерамзаллан секретара Усмаев Вахьида а, мехкан куьйгалхочун гIовса Мартынов Даниила а, Кадыров Рамзанан хьехамчас Шахидов Адама а дIакхачийна и совгIаташ. Оьрсийчоьнан тIеман полицин дакъоша куп тоьхначу Шеман гIаланашкахь а, кIошташкахь а хилира Нохчийчуьра кхаьчна "десант". Mylistory пена тIехь Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана хаамбинера, керлачу шеран совгIаташ доцург а... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *