ТехIеранан полицино лоьцур бац исламан дресс-кодехь ца лела зударий
"Полицин куьйгало бинчу сацамца, хила ма деззачу исламан духаршца ца леларш кхи лоьцур бац", аьлла инарлан Рахьими Хьусейнан дешнаш даладо ингалсан маттерчу Tehran Times-о. Инарлас дийцарехь, полицино вовшахтоьхначу леринчу урокашка хьийсор бу уьш.
Associated Press агенталло бахарехь, дукхазза низам ца лардинарш жоьпалле ийзор бу.
The Wall Street Journal-о яздарца, Рахьиман дIахьедарехь дуьйцург духар хилла ца Iа, "исламан мехаллаш" а ю.
Газетано билгалдаккхарехь, дахначу кIиранах исламан мехаллаш ца ларйина аьлла, ТехIеранехь лецнера 200 стаг, хелхарш дарна а, къаьркъанаш меларна а бехкебина.