Дуьненаюькъара кампани йолийна Бакаев Зеламха лохуш
![Дуьненаюькъара кампани йолийна Бакаев Зеламха лохуш](https://gdb.rferl.org/477271F4-3BEF-40FD-BD51-B3A3DC2683EB_w800_h450.jpg)
Дуьненаюкъарчу All Out олучу тобано а, Оьрсийчуьрчу ЛБГТ-н юкъаралло а дуьненаюкъара кампани йолийна, Соьлж-ГIалахь лачкъийна волу 26 шо долу йишлакхархо Бакаев Зеламха лахар доьхуш, Оьрсийчоьнан куьйгалхошка бинчу кхайкхаман кIеллахь куьйгаш гулдеш.
Бакаев вайна стохка Марсхьокху-баттахь. Цу хенахь дуьйна цуьнах хиллачух лаьцна хIара ду аьлла хууш хIума дац.
2017-чу шарахь Гезгмашин-баттахь интернетехь видео гучуелира тIехь Бакаев а волуш, иза Германехь волуш санна. Амма цуьнан накъосташа харц дира иза цу пачхьалкхехь хилар.