Iамеркан Пачхьалкхан департаменто дIахеца боху Нохчийчуьрчу «Мемориалан» куьйгалхо
![Iамеркан Пачхьалкхан департаменто дIахеца боху Нохчийчуьрчу «Мемориалан» куьйгалхо](https://gdb.rferl.org/FCBA2951-82C1-4F46-8CA5-9ED06BC963D5_w800_h450.jpg)
Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ вуно синтем байна ю «Мемориалан» Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхо Титиев Оюб дIалацарна. Цхьаьнатоьхначу Штаташа кхайкхам бина Оьрсийчурчу Iедалшка, сихонца иза дIа a хеца, цуьнан бакъонаш а ларйе аьлла.
Цунах лаьцна дуьйцуш ду Iамеркан Пачхьалкхан департаментан дIахьедарехь.
Цу тIехь билгалдаьккхина ду, кхерам бу Титиевца мегар доцург лелорна а, иза лаьцна витарна а аьлла.