Китайхойн информаци Китайхь латтор ю Apple компанино
![Китайхойн информаци Китайхь латтор ю Apple компанино](https://gdb.rferl.org/14AE72CB-0AF6-4603-A803-3D880F960F9E_w800_h450.jpg)
Iамеркан Apple компанино шен iCloud сервершна тIехь латтош йолу Китайн бахахрхойн информаци дехьайоккхур ю цу махка. Цу кепара Apple дагахь ю цу махкахь тIеэцначу низамаш бохург дан.
Цу гIулчана дуьхьал болчу компанин клиентийн аьтто хир бу шайн iCloud-ра агIонаш дIачIагIа.
Apple клиентех лаьцна информаци дIанисйийр ю Китайхь пачхьалкхан компанин сервершна тIехь. Цу мехкан Iедалша чIагIдарехь, дешан маршонан барамаш тохар оьшуш ду къоман кхерамазаллин хьашташна.