Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Январь
2018

Новости за 11.01.2018

Radiomarsho.com 

Германерчу полицино лохуш ду 9 бутт болу нохчийн бер

Немцойн Бранденбург лаьттарчу полицино лехамашка елла 9 бутт кхаьчна йолу нохчийн йоI. Ясмина цIе йолу иза, Iедалхоша баржийначу хаамца, ГIура-Беттан 31-чохь дуьйна карош дац. ЙоI тIаьххьара билгал хилла меттиг Бранденбурган Гранзее олу кIошта ю, ткъа цул тIаьхьа, тешаша чIагIдарехь, и бер чохь долу гIудалкх некъахошна гина Берлинерчу Ораниенбург метрона гена йоцуш. Цунна тIехь ал басахь Iаьнан духар а, кIайчу басахь куй а, мачаш а хилла. Ша чохь Iуьллучу Iаьржа-мокхачу гIудалкхаца цхьаьна дайна ду бер. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь лаьцна меттигерчу оппозицин хьалханчех цхьаъ волу Хазбиев Мохьмад

ГIалгIайчурчу кхело бинчу сацамца, лаьцна чувоьллина меттигерчу оппозциин хьалханчех цхьаъ волу Хазбиев Мохьмад. Цунна бехке дуьллуш ду, бакъо а йоцуш, герз латтор а, Iедалан векал сийсаз вар а. Цуьнах лаьцна хаам бина "Кавказский узело". ТIаьхьарчу хенахь Хазбиев Нохчийчохь вехаш вара, амма тахана, ша дIалаца кхерам боллушехь, сацам бинера цо ГIалгIайчу юхаверза. Iедал шена тIаьхьадалар политикан бух болуш ду, боху Хазбиевс.

Radiomarsho.com 

Титиевга бехк кховдийна наркотикаш латторна

"Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхочуьнга Титиев Оюбага официалан кепара бехк кховдийна боккхачу барамехь наркотикаш лелорна аьлла. Шеларчу гIалин кхело сацам бан беза иза кхин дIа талламан изоляторехь витарх лаьцна. Цунах лаьцна хаам бина "Интерфаксе" "Мемориалан" кхеташонан куьйгалхочо Черкасов Александара. Дуьненаюькъарчу адамийн бакъонаш ларйечу вовшахтохараллаш кхайкхам бина Оьрсийчуьрчу Iедалшка, Титиев дIахеца аьлла. Царна юкъахь ю "Международная федерация за права человека" а, "Норвегера Хелсинкин комитет" а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнах лаьцна "забарш" йинчу лицейн директорна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна Калинградехь

Талламхоша дийцарехь, Калининградерчу номер 49 йолчу лицен директоро Осипова Людмилас барт бина хилла дешархойн дай-нанаошца, шайн лаамехь, амма ма дарра аьлча нуьцкъала, ахча гулдар хьокъехь, хаам бо lenta.ru хьастано. 2015-2016-чу шерашкахь цу кепара директоро гулдина хилла 3 миллион 500 эзар сом. Цу ахчанах 2 миллион 500 эзар сом гIаролхойн компанина делла цо, цу хьашташна гIалан бюджете ахча луш доллушехь. Цу кепара, Осипова Людмилас ахча шена лахьош хилла аьлла, жамI дина талламхоша. Стохка ГIура-баттахь прокуратуро дIахьедар динера... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Китайхойн информаци Китайхь латтор ю Apple компанино

Iамеркан Apple компанино шен iCloud сервершна тIехь латтош йолу Китайн бахахрхойн информаци дехьайоккхур ю цу махка. Цу кепара Apple дагахь ю цу махкахь тIеэцначу низамаш бохург дан. Цу гIулчана дуьхьал болчу компанин клиентийн аьтто хир бу шайн  iCloud-ра агIонаш дIачIагIа. Apple клиентех лаьцна информаци дIанисйийр ю Китайхь пачхьалкхан компанин сервершна тIехь. Цу мехкан Iедалша чIагIдарехь, дешан маршонан барамаш тохар оьшуш ду къоман кхерамазаллин хьашташна.

Radiomarsho.com 

Гондурас санна кхераме ю Iамеркахошна Оьрсийчоь

Iамеркан Пачхьалкхан департаменто хьехар дина шайн махкахошна, Оьрсийчу бахарх лаьцна ойла хийцар хьокъехь. Iамеркан арахьарчу политикан хьукмато деа декъе екъна ерриг а кху дуьнентIера пачхьалкхаш, цу мехкашкахь кхерамазаллица доьзна лаьтташ долу хьал тидаме а эцна.   Оьрсийчоь юкъатоьхна кхолагIчу декъана – Iамеркан махкахошна хьехар дина, цига бахале хьалха дикка ойла яр гIоле ду аьлла. Оцу тобанна юкъахь ю Туркойчоь а, Ливан а, Нигери а, Венесуэла а, Куба а, Гондурас а. Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаментана хетарехь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Мемориал": Титиевн, гергарнаш ара а баьхна, хIусамийн догIанаш дIадаьхьна полисхоша

Куршлойн кIоштан полицин белхахоша кхерамаш тесна "Мемориалан" Нохчийчуьрчу  декъан куьйгалхочуньнан Титиев Оюбан гергарчарна. Карарчу хенахь Титиев лаьцна чохьволлуш ву талламан изоляторна. "Мемориало" бинчу хаамца, полисхой чулилхина Куршлойн-Эвлахь Титиевн хIусаме. Зуда а, бераш а цу хенахь цIахь ца хилла. Делахь а цигахь хилла Титиевн вешин, Титиевн Якъубан, доьзалера зударий. Полисхоша аьлла шаьш Титиев Якъуб а, Оюбан 28 шо долу кIант а лоьхуш ду аьлла. "Мемориало" бинчу хаамца , полисхоша... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *