Гондурас санна кхераме ю Iамеркахошна Оьрсийчоь
![Гондурас санна кхераме ю Iамеркахошна Оьрсийчоь](https://gdb.rferl.org/ED88FE18-9ABC-4487-97C9-4A6BDD52B0D7_w800_h450.jpg)
Iамеркан Пачхьалкхан департаменто хьехар дина шайн махкахошна, Оьрсийчу бахарх лаьцна ойла хийцар хьокъехь. Iамеркан арахьарчу политикан хьукмато деа декъе екъна ерриг а кху дуьнентIера пачхьалкхаш, цу мехкашкахь кхерамазаллица доьзна лаьтташ долу хьал тидаме а эцна.
Оьрсийчоь юкъатоьхна кхолагIчу декъана – Iамеркан махкахошна хьехар дина, цига бахале хьалха дикка ойла яр гIоле ду аьлла. Оцу тобанна юкъахь ю Туркойчоь а, Ливан а, Нигери а, Венесуэла а, Куба а, Гондурас а.
Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаментана хетарехь, олийла дац Оьрсийчу баханчу Iамеркахойн кхерамазалла кхоччуш лайийр ю аьлла. Пачхьалкхан департаментана къаьсттина ца хета Iамеркахой Къилбаседа Кавказе а, ГIирме а баха беза аьлла.