Асадан эскарш Идлиб провинцина тIелатарна критика йина Туркойчоьно
![Асадан эскарш Идлиб провинцина тIелатарна критика йина Туркойчоьно](https://gdb.rferl.org/640373A5-2FC8-466E-834D-55D5D95B456D_w800_h450.jpg)
Шемахь президентан Асад Башаран эскарш Идлиб провинцина тIелатаро мухIажирийн керла тулгIе ойур ю аьлла, дIахьедар дина Туркойчоьнан премьер-министро Йилдырим Биналис. Цо кхайкхам бина Оьрсийчоьне а, ГIажарийчоьне а, тIелатар сацаде аьлла.
Идлиб тIаьххьара провинци ю Шемахь оппозицин ницкъаша Iуналла деш йолу. Кху тIаьхьарчу кIиранашкахь Асадан эскарша ницкъаца араяьхна цигарчу масийтта эвлара тIеман тобанаш.
Карарчу хенахь тIемаш боьлхуш бу Идлиб провинцин малхбалехь йолчу Абу-Духур олучу авиабазина гонаха.