Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Январь
2018

Новости за 12.01.2018

Radiomarsho.com 

Блогерш иноагенташ лара реза бу Думан депутаташ

Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Дума хьалхарчу дешарехь хийцамаш бан реза хилла, кхечу пачхьалкхийн агенташ лоручу зорбанан гIирсехь лаьцначу низамна тIехь. Цу хийцамашца а догIуш, блогер а иноагент лара бакъо хир ю Оьрсийчоьнан территори тIехь, нагахь иза махкал арахьара ахча оьцуш велахь, хаам бо  РИА Новости агенталло.

Radiomarsho.com 

Нохчийчоь йовзархо журналист Горюхина Элвира кхелхина

Оьрсийн евзаш йолу журналист, профессор Горюхина Элвира кхелхина Москохахь. Иза оьрсийн публицисташна юкъахь уггаре а евзачарех цхьаъ яра. Новая» газетан лерина корреспондент йолу Горюхина 1992-чу шарахь дуьйна тIемаш а, конфликташ а йолчу меттигашкахь лелаш яра. ШолгIа тIом болабелча дуьйна схьа дуккхаза а Нохчийчохь хилла йолчу Горюхинас, шен артиклашкахь а, очеркашкахь а яздора Бумтахь а, СемаIашкахь а, Соьлж-ГIалахь а оьрсийн эскархоша лелийначу зуламех лаьцна. 2000-чу шарахь араелира Горюхинан «Хьехархо Кавказе яхар» цIе йолу гулар... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Асадан эскарш Идлиб провинцина тIелатарна критика йина Туркойчоьно

Шемахь президентан Асад Башаран эскарш Идлиб провинцина тIелатаро мухIажирийн керла тулгIе ойур ю аьлла, дIахьедар дина Туркойчоьнан премьер-министро Йилдырим Биналис. Цо кхайкхам бина Оьрсийчоьне а, ГIажарийчоьне а, тIелатар сацаде аьлла. Идлиб тIаьххьара провинци ю Шемахь оппозицин ницкъаша Iуналла деш йолу. Кху тIаьхьарчу кIиранашкахь Асадан эскарша ницкъаца араяьхна цигарчу масийтта эвлара тIеман тобанаш. Карарчу хенахь тIемаш боьлхуш бу Идлиб провинцин  малхбалехь йолчу Абу-Духур олучу авиабазина гонаха.

Radiomarsho.com 

Титиев лацар леткъина суьдехь цуьнан адвокаташа

"Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхо Титиев Оюб шина баттана лацар суьдехь леткъина цуьнан адвокташа. Цунах лаьцна хам бина "Интерфаксо", адвоктана Заикин Петрна тIе а тевжаш. Ша Титиевс ПIераскан дийнахь кхелехь дIахьедар дира, наркотикаш шен машенxу кхоьссинарг полисхо ву аьлла. Цо латкъам кечбина меттигерчу Талламан комитете цу полисхочун дуьхьал бехктакхаман гIуллакх доладар доьхуш. Иза Нохчийчуьрчу талламан комитетан куьйгалхочуьнга, я цуьнан когаметте кара дIадала дагахь ву адвокат Заикин.

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу талламан комитетан урхаллан куьйгалхо хIоттийна Волков Виталий

Оьрсийчоьнан Талламан комитетан урхаллийн керла куьйгалхой хIиттийна Нохчийчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а. Гергарчу хенахь куьйгалхо хIоттор ву Кхарачой-Чергазийчохь а, хаам бо "Регнум" агенталло. Нохчийчохь Талламан комитетан урхаллан керла куьйгалхо хIоттийна юстицин инарла-лейтенант Волков Виталий. Ткъа ХIирийчохь цу тайппа дарж дIалаьцна Наумов Виктора. Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочуьнан когаметто Карнаухов Бориса дийцарехь, Нохчийчу хьажийна волчу Волков Виталийна дика евза Къилбаседа Кавказ. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Бакохара йоккха стаг Алиева Мадина дIахьажийна Соьлж-ГIала

Азербайданан Геранбойн кIоштахь карийна йолу 104 шо долу нохчийн йоккха стаг леррина кечйинчу машенахь Соьлж-ГIала дIахьажийна аьлла, хаам бина Бакохарчу "Сестры Матери Терезы" цIе йолчу дан амал доцуш бисина нах тIеоьцучу хIусамера, яздо "Кавказский узело". 1914-чу шарахь йина йолу Алиева Мадина полисхошна карийнера, гIора а йина урамехь.   Болчу хаамашца, паспорт тIерачу хенаца иза дуьненчу яьлла 1914-чу шарахь. Оьрсийчоьнан яхархо а ю иза, яхар Нохчийчохь ду, амма маьршша буьйцу цо азербайджанхойн мотт.

Radiomarsho.com 

Немцов верна хан тоьхна волу Дадаев дIакхачийна колоне

Оппозицин политик Немцов Борис вуьйш дакъалацарна хан тоьхна волу Дадаев Заур дIакхачийна ницкъаллин структурийн белхахой хилла зуламхой луьрча хьелашкахь латточу Иркутскерчу колоне. Цунах лаьцна хам бина "Интерфаксо". Дадаевца цхьаьна хан тоьхна волу Бахаев Хьамзат ву Кирово-Чепецк гIаларчу колонехь. Кхин цхьа хилла эскархо Эскерханов Темирлан цкъачунна Москох ву. Ткъа вежарий Шадид а, Анзор а ГубашевгIара мичахь латтош бу цкъачунна билггала хууш дац адвокаташна.

Radiomarsho.com 

Мачаликашвили вер хьокъехь митинг хилла Тбилисехь

Тбилисехь Гуьржийчоьнан Iедалан гIишлонна хьалха акци дIаяьхьна цхьамогIа Iедалца йоьзна йоцучу юкъараллийн векалша. Цара доьхург ду ПIаьнгазахь полицин операци дIахьош герз тоьхна 18 шо долу меттигера вахархо Мачаликашвили Темирлан вер таллар.

Radiomarsho.com 

СаIудийн Iедалша визанаш лур ю, уллехь борша стаг а воцуш, шайн махка богIучу зударшна

СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхан Iедалша визанаш яла йолор ю, уллехь божарех гергара стаг а воцуш, шайн махка богIучу 25 шаре бевллачу зударшна. Керла кеп болх бан йолалур ю кхушеран хьалхарчу кварталехь дуьйна. Цкъа махка бахка бакъо луш йолу виза хир ю 30 денна лерина. Хьалха зударийн бакъо яцара цу махка бахка, гергара стаг уллехь а воцуш. ХIинца и дехкар дуьсур ду 25 шо кхчанза болчу зударшна а, мехкаршна а. СаIудийн пачхьалкхан туризмехула йолчу комиссино хаам бина, керла кеп юкъайокхуш ю шаьш... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Шен машенчу наркотик кхоьссина полисхочо, аьлла Титиевс кхелехь

"Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхочо Титиев Оюба кхелехь дIахьедар дина, наркотикаш шен машенчу кхоьссинарг полисхо ву аьлла. Цунах лаьцна хаам бина адвокато Заикин Петара.    Титиевс латкъам кечбина меттигерчу Талламан комитете цу полисхочун дуьхьал бехктакхаман гIуллакх доладар доьхуш. Иза Нохчийчуьрчу талламан комитетан куьйгалхочуьнга, я цуьнан когаметте кара дIадала дагахь ву адвокат Заикин. Селхана, Дечкен-беттан 11-чу дийнахь, Шеларчу гIалан кхело шина баттана лаца сацам бина Титиев. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Шина баттана чувоьллина Титиев

"Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхо Титиев Оюб набахте хьажийна кхело 2 баттана. Кхелан кхеташо яхъелира кхаа сохьтехь. Шелан гIалан кхелан суьдхочо Ибрагимов Хьамзата дIакхайкхийра, кхеташо чIаьгIначу рожехь хир ю аьлла. Цул тIаьхьа цу чохь ца битира адвокаташ а, бехкбиллархойн тобан декъашхой а бен.


Задержаны семеро участников массовой драки на юге Москвы

Свердловский Джаз-хор выступит на торжественной церемонии вручения первой Национальной премии в области музейного дела им. Д. С. Лихачева в Москве

Психолог Яушева: при разрыве отношений стоит взять паузу для оценки ситуации

В Москве возобновились слушания по делу обманувшей людей на 350 млн главы Darvol



Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

АО «Транснефть – Дружба» провело экологические акции

Психолог Яушева: при разрыве отношений стоит взять паузу для оценки ситуации

Жительница Малой Сердобы выгоняла гостя с помощью ножа

Задержаны семеро участников массовой драки на юге Москвы

Музыкальные новости

ЦСКА и "Нижний Новгород" забили 8 голов в матче РПЛ

«СВЯТОЙ ЛЕНИН» помогает В.В. Путину улучшить либо отменить налоги в обществе.

Футболисты ФК «Динамо Пушкино» заняли второе место в межрегиональном турнире Laffy Cup 2024

Cadillac насмерть сбил пенсионерку в центре Москвы

Новости России

Жительница Малой Сердобы выгоняла гостя с помощью ножа

Задержаны семеро участников массовой драки на юге Москвы

Более 11000 жителей проголосовало на платформе федерального проекта «Формирование комфортной городской среды» в г.о. Жуковский.

Марафон по скандинавской ходьбе для старшего поколения прошел в Ленинском округе

Экология в России и мире

Осторожно ВПЧ! Доктор Кутушов рассказал от чего появляются папилломы на теле

Шапки женские вязаные на Wildberries, 2024 — новый цвет от 392 руб. (модель 466)

Азербайджанцев оправдали за убийство спортсмена Евгения Кушнира в Самарской области. Делом заинтересовался глава Следкома РФ А. Бастрыкин

"Возрождение интереса к народному искусству и ремеслам в современном мире"

Спорт в России и мире

Сумасшедший матч «Реала», Медведев опустился в рейтинге ATP. Главное к утру

Российский теннисист Медведев опустится на строчку в рейтинге ATP

Теннисиста Медведева выбили из топ-4 ATP

Немец Зверев выбил россиянина Медведева из топ-4 ATP

Moscow.media

Чесменская церковь.Санкт-Петербург

Вологодские зарисовки

Черёмуховая сказка Холмогорья

ТСД SAOTRON RT-T50: высокопроизводительный терминал сбора данных промышленного класса







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *