Нохчийчуьрчу талламан комитетан урхаллан куьйгалхо хIоттийна Волков Виталий
![Нохчийчуьрчу талламан комитетан урхаллан куьйгалхо хIоттийна Волков Виталий](https://gdb.rferl.org/576BB11F-117B-4E94-9CE0-3785D375815A_cx44_cy7_cw56_w800_h450.jpg)
Оьрсийчоьнан Талламан комитетан урхаллийн керла куьйгалхой хIиттийна Нохчийчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а. Гергарчу хенахь куьйгалхо хIоттор ву Кхарачой-Чергазийчохь а, хаам бо "Регнум" агенталло.
Нохчийчохь Талламан комитетан урхаллан керла куьйгалхо хIоттийна юстицин инарла-лейтенант Волков Виталий. Ткъа ХIирийчохь цу тайппа дарж дIалаьцна Наумов Виктора.
Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочуьнан когаметто Карнаухов Бориса дийцарехь, Нохчийчу хьажийна волчу Волков Виталийна дика евза Къилбаседа Кавказ. Иза вина а (1962 шарахь), ваьхна а ву ГIебартойн-Балкхаройчохь.
Волковс дешна Ленинградехь политикан училищехь. Цо дуккха а шерашкахь болх бина прокуратурехь а, талламан комитетехь. 2007-чу шарахь 4 шарахь ГIебартойн-Балкхаройчуьра талламан комитетан куьйгалхо вара Волков. Ткъа 2011-чу шарахь дуьйна оццу даржехь вара иза Къилбаседа ХIирийчохь.