Талламан комитето кхи дIа а лохур ву Бакаев Зеламха
Дахначу шеран 17-чу дийнахь полисхойн декъе шен вайначу кIантах хаамбинера цуьнан нанас Бакаева Маликас. Бутт баьллачул тIаьхьа мехкан прокуратурано талламаш болабар тIедожийра Бакаевн дIаварах.
Доьза вайначу Бакаевн, болчу хаамашца, бехкзуламан гIуллакх диллина Лахьан-беттан 22-чохь. КIант вайначу кху 5 баттахь цхьана а кепара хаам ца кхаьчна цуьнгара гергарчаьрга.
Ницкъаллийн структурийн белхахошца хиллачу къамелехь Кадыровс чIагIонаш йо, иллиалархочух шайн волучарна хууш хиларх, амма цхьаммо а тIелоцуш цахиларх информаци Iораяккха.