ГIаттамхошна гIо латтийна аьлла бехкево ГIалгIайчоьнан вахархо
Талламо бахарехь, 2013-чу шеран гурахь дуьйнна дахначу шаре кхаччалц, ГIалгIайчоьнан дозан тIехь хиллачу гIаттамхойн тобанна медикаменташца а, тIеюхучу бедаршца, кхи а оьшучу гIирсаца гIоьналла латтош хилла Картоевс.
Малгобекехь иза вехачу цIийнах хьаьвсича гIаттамхоша ларъян цуьнга елла Ф-1 граната а карийна полисхошна.

