Шайн хIусамехь Iедалан векалша теракт йина, боху Мачаликашвилин нанас
«ХIинццалц Гуьржийчохь теракташ хилла яцара, пачхьалкхан кхерамазаланн сервисо йина сан хIусамехь теракт, меттахь Iуьллуш волу сан цхьаъ бен воцу кIант а вийна», - аьлла дIахьедар дина Маргошвилис.
Мачаликашвилин дас-нанас доьху Iедалшка шайн кIант вийна болчу СГБ-н белхахошна таIазар дар.

