Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Январь
2018

Новости за 26.01.2018

Radiomarsho.com 

"Ведучи" курорт схьайиллина

Итум-Кхаьлларчу Хьачарна гергахь пIераскана схьайиллина шина шарахь еш лаьттина гIо-салазийн "Ведучи" курорт. 1000 метр бу цкъачунна спортхошна хехкабала кечбина шу. Хенан йохалла некъаш а шорлур ду, курортан хьелаш а толур ду, дош делла комплекс схьаелла баьхкинчу пачхьалкхан куьйгалхоша.

Radiomarsho.com 

Саакашвилина суьдо дихкина буьйсанна хIусамера аравалар

Киеверчу аппеляцин кхело сацам бина Саакашвили Михаил буьйсанна шен хIусамехь лаьцна латтор ву аьлла. Политикана  чура аравалар дихкина сарахь 10 даьллачул тIаьхьа Iуьйранна 7 сахьт даллалц. Цунах лаьцна хаам бина «Украинская правда» газето. Цу кепара, суд реза хилла прокуратуро динчу дехарна. Стохка Киеверчу Печеран кIоштан кхел реза ца хилира Саакашвили шен хIусамехь лаьцна латто.

Radiomarsho.com 

Социалан машанехь Муцураевн йиш дIахIотторна бехке вина рогIера Нохчийчуьра вахархо

«Исламан умма» цIе йолу вевзаш волчу бардан Муцураев Тимуран йиш хилла Теркйист кIоштарчу вахархочо «Одноклассники» социалан машанехь стохка ГIура-баттахь дIахIоттийнарг. Иза зулам а лаьрра,  Нохчийчохь талла долийнера цу хьокъехь прокуратуро схьадиллина бехктакхаман гIуллакх. Нагахь кхело бехке ларахь, цу стагана гIуда тухур ду 3 эзар сом барамехь я чувуллур ву, 15 де хан а тоьхна, хаам бо "Кавказский узело".   Цу агенталло бинчу хаамца, 2017-чу шарахь Муцураев Тимуран эшарш Нохчийчохь зорбане яхарна жоьпе озийна лаххара а 6 стаг.

Radiomarsho.com 

Кадыров харц дерг дийцарна бехке вина Собчака

Журналисто Собчак Ксенияс бехке вина Кадыров Рамзан, харц дерг дийцарна а, сий а, пусар а доцуш къамелаш дарна а. «Рамзан Ахматович, ахь боху, цкъа а мегар дац лоруш волчу стеган сий дайъа, ткъа цхьа минот а ялале, со дIасаедда лелаш ю боху ахь, майра лоьхуш. Нохчийчохь иштта гIиллакх ду, шена баш евзаш а йоцучу зудчух лаьцна ишттаниг дуьйцар? Я ахь сийх а, ларамах а лаьцна деш долу дIахьедарш дохадо, хьайна бекхам хир бац аьлла хьой хеташ хиларна?» - яздина Собчака шен Instagram-хь. Цу кепара... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

136 сов миллион соьмана стаг Iехийна Москох

Москох Iехийна соьмаш еврох хийца веана меттигера вахархо. Полицин векалша дийцарехь, цу стага ахча хуьйцучу пунктехь курхалчашка дIаделла 136 миллион 600 эзар сом. Цу ахчанна дуьхьа цунна делла 4 эзар евро а, 1 миллион 996 эзар еврох тардина кехаташ а. Цу кепара цу стагана зен дина 138 миллион 322 эзар соьмана. Хилларг толлуш бу талламхой.

Radiomarsho.com 

Шайн хIусамехь Iедалан векалша теракт йина, боху Мачаликашвилин нанас

ПIаьрнгазара бусалба юкъаралла а, цигарчу къанойн кхеташонан декъашхой а леррина дIахьедар дан дагахь бу тахана, рузба дIадирзинчул тIаьхьа. Цу кIоштахь дукха хан йоцуш полицин операци дIахьош вийначу Мачаликашвили Темирланан нанас Маргошвили Медикос диqцарехь, цунна дуьххьар дуьйна хууш дара, шен кIант кхин стаг ву моьттуш хилла хилар эскархой, яздо «Гуьржийчоь онлайн» агенталло.   «ХIинццалц Гуьржийчохь теракташ хилла яцара, пачхьалкхан кхерамазаланн сервисо йина сан хIусамехь теракт, меттахь Iуьллуш волу сан цхьаъ бен воцу кIант а вийна»... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Археологаша шайн болх юхаболор бу Нохчийчохь

Оьрсийн географин юкъараллан Нохчийчьурча декъан археологаш кху тIаьхьрачу 30 шарахь дуьххьара шайн болх юхаболо дагахь бу Нохчийчохь, хаам бо ТАСС агенталло.  Цу декъкан кхеташонан декъашхочо Бугаев Максима дийцарехь, археологин ахкарш республикехь ца дина 1990-гIа шерахь дуьйладелчхьана, ткъа бинчу белхан доккхах долу дакъа дайна. Бугаевс дийцарехь, археологин ахкарш доло дагахь хьалхара белхаш дIаболор бу Нохчийчохь кхушара. И белхаш бийр бу махкал арахьара республике кхаьчна кехаташ теллина девллачул тIаьхьа. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Шайна зен деш бизнес лелош ю цхьамогIа Оьрсийчоьнан регионаш

Оьрсийчохь регионийн тоба кхоллаелла, бизнесан белхан коьрта жамI шена зен деш болх бар а долуш, яздо РБК-но. Цу агенталло дийцарехь, Оьрсийчоьнан Федерацин субъектийн бюджеташна тоьаш доцучу ахчанан барам кху тIаьхьарчу пхеъа шарахь алсам баьлла 2,14 триллон соьме кхаччалц. Хьалха и терахь дара 1,16 триллион сом. Вуьшта аьлча, церан декхар алсамдаьлла 84%, са яккхаран дакъа тIекхеташ а доцуш.




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *