Археологаша шайн болх юхаболор бу Нохчийчохь
Бугаевс дийцарехь, археологин ахкарш доло дагахь хьалхара белхаш дIаболор бу Нохчийчохь кхушара. И белхаш бийр бу махкал арахьара республике кхаьчна кехаташ теллина девллачул тIаьхьа.
Бугаевс бинчу хаамца, Нохчийчуьрчу Iилманчийн уггаре а боккха тидам тIебахнарг ду вайнехан къам Кавказехь дӀасатардалар. Цу хьокъехь долу документаш Туркойчуьра а, Гуьржийчуьра а, Эрмалойчуьра а кхачаре сатуьйсуш ду шаьш, боху цо.