Шайна зен деш бизнес лелош ю цхьамогIа Оьрсийчоьнан регионаш
Оьрсийчохь регионийн тоба кхоллаелла, бизнесан белхан коьрта жамI шена зен деш болх бар а долуш, яздо РБК-но.
Цу агенталло дийцарехь, Оьрсийчоьнан Федерацин субъектийн бюджеташна тоьаш доцучу ахчанан барам кху тIаьхьарчу пхеъа шарахь алсам баьлла 2,14 триллон соьме кхаччалц. Хьалха и терахь дара 1,16 триллион сом.
Вуьшта аьлча, церан декхар алсамдаьлла 84%, са яккхаран дакъа тIекхеташ а доцуш.